Skip to content
Opens in a new window

[1] Стигална кӀел цхьа хала бала хилар гира суна, ткъа иза-м кест-кеста хуьлу.

[2] Дала стагана хьал а, бахам а, шорто а яла тарло – цунна мел дезарг а дала тарло. Амма оцу муьрехь шен долчух марзо ца оьцуьйту цуьнга Дала, мелхо а, кхечо цунах пайда оьцу. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а ду, цул сов, иза чӀогӀа хала бала а бу.

[3] Иштта, стеган бӀе доьзалхо хила а, иза дуккха а ваха а тарло. Амма иза мел дукха вахахь а, нагахь оцу стага шен долахь долчу диканах ма-бохху марзо а ца эцахь, иза веллачул тӀаьхьа, цуьнан оьзда дӀаволлар а ца хилахь, тӀаккха ала мегар ду, делла динчу берана а дикаха ду, оцу стагана чул.

[4] Цуьнан дуьнен чу длар а, кхалхар а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду. Ӏаьржачу Ӏожалло цунах хиндерг хьулдо.

[5] Ша кху дуьненахь цадахарна, цу берана кху дахарх лаьцна хӀумма а ца хаьа, делахь а цуьнан синтем аса масална валийначу стеган чул сов бу.

[6] Иштта стаг шина эзар шарахь а ваха тарло, шен бахамах марзо а ца оьцуш. Ткъа вай дерриш а цхьатерра коше дӀадоьрзуш дац?

[7] Адамо ша буучу кхачанан дуьхьа бен къа ца хьоьгу, амма цуьнан гай цкъа а ца дузу.

[8] Хьекъал долчо сонтачо чул сов хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу? Ша муха лела веза хаарх, хӀун дуьсун долу зовкх хьоьгу къечо?

[9] ГӀенахь гиначуьнга сатуьйсуш лелачул, шен долахь долчух марзо эцар дикаха ду. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

[10] Кхоьллина мел йолу хӀума шен цӀе йолуш ю. Иштта адам хӀун ду а вайна хууш ду. Шел ницкъ болуш волчуьнца болчу къийсамехь адам тоьлур дац.

[11] Ткъа хӀун пайда хуьлу цунах адамна? Дуккха а долчу дешнаша кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш алсамдоху.

[12] Хьанна хаьа, хӀун дикаха ду адамна шен, ӀиндагӀ санна, дӀауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кӀел дӀакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг?

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters