Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха, дӀахьаьжча, суна гира стигална кӀел мел еш йолу гӀелонаш. Хьажал, гӀийлачеран бӀаьргех хиш дуьйлу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Царна гӀело ечеран карахь ницкъ бу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу.

[2] ТӀаккха ас сацам бира, дийна а болуш, гӀелонаш хьоьгуш болчарна чул дӀакхелхинчарна гӀолехь ду аьлла.

[3] Ткъа стигална кӀел леладо зуламе гӀуллакхаш шайна газа болчу, дуьнен чу бовлаза бисинчарна кхин а дикаха ду аьлла, хийтира суна.

[4] Суна гира, адамо мел дечу гӀуллакхан говзалла шен накъостаца яхье ваьлча гучуйолий. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

[5] Сонтачу стага, пӀелгах пӀелг а тоьхна, болх ца беш, ша-шен хӀаллакво.

[6] Амма, синтем а болуш, схьаэцна долу цхьа сахь тоьлу, сов къа а хьегна, даьккхинчу шина сахьанал. Махана Ӏуналла дан гӀертар санна, ду иза.

[7] Юха а кхетам тӀе ца кхуьу цхьа хӀума гира суна стигална кӀел.

[8] Я кӀант, я ваша а воцуш, ша вуьсу стаг. Цуьнан гӀуллакхийн чаккхе а ца хуьлу, ткъа цуьнан бӀаьргаш хьолах а ца бузу. Хьанна до те цо и гӀуллакхаш, шен са ирсах а доккхуш? Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума а, гӀайгӀане болх а бу.

[9] Шиъ цхьаьна хилар дикаха ду, ша цхьаъ хуьлучул. Шаьш цхьаьна хьегначу къинах царна пайда хир бу.

[10] Царах цхьаъ охьавожахь, вукхо иза хьалагӀаттор ву. Ша цхьаъ вуьсучу стеган ма къа ду! Иза гӀатто уллохь цхьа а ца хуьлу.

[11] Иштта, шиъ цхьаьна охьавижча, и шиъ вохло. Ткъа ша цхьаъ волчун вохвалар муха хир ду?

[12] МостагӀчо цхьанна дуьхьал толам баккхахь а, шиннал тоьлур вац иза. Ткъа кхаа тайнах хьарчийна йолу тӀийраг атта хедар яц.

[13] Набахти чуьра араваьлла цхьа къонах паччахь хӀотто тарло. Я, масала, и къонах, шен хинйолчу пачхьалкхехь ша дуьнен чу волучу хенахь, къиэн хила тарло. Делахь а, къиэн а волуш, амма хьекъале волу къонах дикаха ву, къеначу а, сонтачу а, шена беш болу хьехам дӀа ца оьцучу а паччахьал.

[15] Кхин а суна гира, стигална кӀел веха хӀора стаг а дуьнен тӀехь вехачу кхечу къонахчунна тӀаьхьахӀоттар.

[16] Дагар ца даллал дукха дара и халкъ. Амма цу къонахал хьалха хиллачу а, иштта цул тӀаьхьа хинболчу а нахана цунах цхьа а там ца белира. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

[17] Хьо Делан цӀа долчу воьдуш, ларлуш хилалахь. Сонтачу наха санна, сагӀина хӀума яхьачул, Делан цӀенна тӀе а вирзина, ладогӀар дикаха ду. Уьш ца кхета, шаьш сонта лелий.

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters