Skip to content
Opens in a new window

[1] Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду.

[2] ХӀора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цӀеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг.

[3] Стигална кӀел хуьлучу гӀуллакхашна юкъахь хӀара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тӀаьхьа уьш а беллачарна тӀаьххье дӀабоьлху.

[4] Вехаш волчу хӀораммо а цхьана хӀумане сатуьйсу. Олуш ма ду: «Дийна долчу жӀаьлина гӀолехь ду, делла долчу лоьмана чул».

[5] Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хӀумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу.

[6] ДӀакхелхинчу адамийн безаммий, цабезаммий, церан лаамашший – уьш дерриш а дӀадевлла. Стигална кӀел мел дечу гӀуллакхашкахь цара кхин цкъа а дакъалоцур дац.

[7] Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна.

[8] Муьлххачу хенахь а духар сирла хуьлийла хьан, хьан коьрта тӀе хьаькхна деза хьакхар хуьлийла, хьо самукъадаьлла вуйла хууш.

[9] Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду.

[10] Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац.

[11] Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду.

[12] Цу тӀе, адамна ца хаьа, шен тӀаьххьара де тӀе маца догӀу. Шайна кхераме йолчу бойнна чохь схьалоьцуш долу чӀерий санна, я речӀанна чохь тасалой дуьсу олхазарш санна, иштта адамаш а шайна ца моьттучу хенахь тӀедогӀучу халачу тӀаьхьарчу сахьто дӀалоцу.

[13] Стигална кӀел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира.

[14] Иштта шена чохь кӀеззиг бахархой болуш цхьа жима гӀала яра. ТӀаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тӀе а гӀоьртина, гӀалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гӀалина.

[15] Амма цу гӀалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гӀала кӀелхьаръяьккхира. Ткъа цул тӀаьхьа цу гӀалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара.

[16] Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгӀнехь а.

[17] Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гӀоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цӀогӀанал.

[18] Хьекъалалла тӀеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хӀаллакдо.

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters