Skip to content
Opens in a new window

[1] Массо а хӀуманан шен зама ю, кху лаьттарчу хӀора гӀуллакхан а шен хан ю.

[2] Дуьнен чу валаран а шен хан ю, дӀакхалхаран а шен хан ю. ХӀума дӀаеран а шен хан ю, иза схьаяккхаран а шен хан ю.

[3] Стаг веран а шен хан ю, иза товаран а шен хан ю. ЦӀенош дохоран а шен хан ю, гӀишлош дӀахӀитторан а шен хан ю.

[4] Адам делхаран а шен хан ю, иза деладаларан а шен хан ю. Адам гӀайгӀане хиларан а шен хан ю, иза халхадаларан а шен хан ю.

[5] Зудчуьнца дӀавижаран а шен хан ю, цунах цакхетаран а шен хан ю. Стагана мараэккхаран а шен хан ю, цунах къехкаран а шен хан ю.

[6] ХӀума лахаран а шен хан ю, лохучуьра сацаран а шен хан ю. ХӀума Ӏалашъяран а шен хан ю, иза дӀатасаран а шен хан ю.

[7] ХӀума ятӀоран шен хан ю, иза дӀатегаран а шен хан ю. Адам дист ца хиларан а шен хан ю, цо къамел дан дезаран а шен хан ю.

[8] Адам дезаран а шен хан ю, иза цадезаран а шен хан ю. ТӀеман а шен хан ю, машаран а шен хан ю.

[9] Буьсун болу хӀун пайда оьцу адамо ша бинчу балхах?

[10] Суна гира Дала адамашна кхочушбан белла болу белхаш.

[11] Массо а хӀуманна а цунна йогӀуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дӀадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а.

[12] Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хӀумма а доцийла.

[13] Кхечу дешнашца аьлча, хӀора адамна яа а, мала а, ша бечу балхах там хила а беза. Уьш Делера совгӀаташ ду.

[14] Суна хиъна, Дала до гӀуллакхаш гуттаренна дуйла. Вайга Дала дечунна тӀе а тохалур дац, я тӀера дӀа а даккхалур дац. Дала иштта гӀуллакхаш до, адамашка Шен сийдайтархьама.

[15] Яханчу заманахь хилларг карахь йолчу заманахь а хуьлу, ткъа тӀейогӀучу заманахь хиндерг, дӀаяьллачу заманахь а хилла. Хьалха хилларг юхадерзориг Дела ву.

[16] Стигална кӀел суна кхин а гира, кхел ечу меттехь зуламаш хилар, нийсо хила езачохь харцонаш лелор.

[17] ТӀаккха аса сайн дагахь элира: «Бакъволчунна а, харцволчунна а Дала Ша Шен кхел йийр ю, хӀунда аьлча массо а хӀуманан а, дерриге а гӀуллакхийн шен-шен зама ю».

[18] Адамех лаьцна аса сайн дагахь элира: «Дала адамаш зоь, уьш бежанех тера хилар гойтуш.

[19] Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дӀакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гӀоле. Дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ма ду!

[20] Массо а цхьана метте дӀавоьрзу. Массо а лаьттан ченах вина ву, ткъа массарах а юха а чан хир ю.

[21] Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»

[22] Иштта, со кхийтира адамна, ша бечу балхах самукъа а доккхуш, гӀадвахарал гӀоле долуш кхин хӀумма а доцийла. Иза цуьнан дакъа ду, хӀунда аьлча цхьаммо а гойтур дац адамна кхелхинчул тӀаьхьа цунах хиндерг.

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters