Skip to content
Opens in a new window

[1] Дезачу хьакхарел цӀе яккхийтар дикаха ду, Иштта дуьнен чу валаран дийнал адам даларан де дикаха ду.

[2] Той долчу цӀа чу воьдучул, тийжар долчу цӀа чу вахар дикаха ду. ХӀоранна а тӀаьххьара де тӀедогӀу, ткъа дийна волчо цуьнан ойла ян еза.

[3] Веларал дикаха ду сингаттаме хилар, хӀунда аьлча, юьхь кхоьлина хиларна, дог хьекъалх дузу.

[4] Хьекъалечу стеган дог адам доьлхуш долчохь хуьлу, ткъа сонтачун дог адам гӀаддахана долчохь хуьлу.

[5] Сонтачийн иллешка ладуьйгӀучул дикаха ду хьекъал долчун тӀехтохамийн тергам бар.

[6] Сонтачун велавалар ена кӀеларчу цӀергахь лелха гаьннаш санна ду. Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.

[7] ГӀело яро хьекъалечух сонтаниг во, ткъа кхаъ схьаэцаро кхетам а талхабо.

[8] ГӀуллакхан чаккхе хилар гӀуллакх доладарал дикаха ду, ткъа собаре хилар цавашарал а дикаха ду.

[9] Хьайн са оьгӀазаллина сих ма де, хӀунда аьлча оьгӀазалла сонтачийн кийрахь хуьлу.

[10] Ахьа ма хатта: «ДӀадахана денош дикаха хӀунда дара?» Хьекъале дац и хаттар.

[11] Цхьаннах бисина бахам санна, дика ду хьекъалалла. Кху дуьненахь болчара цунах пайда оьцу.

[12] Хьекъалалло а, ахчано санна, адам лардо, амма хьекъалаллех буьсун болу пайда иштта бу: цуьнан дола диначун дахар лардо цо.

[13] ДӀахьажал Делан гӀуллакхашка. Цо гамдинарг хьаьнга нислур ду?

[14] Беркатечу хенахь воккхаве, ткъа гӀайгӀане еанчу хенахь ойланаш е. И де а, важа де а Дала кхоьллина ма ду, адаме цкъа а талла ца ло ша кхелхинчул тӀаьхьа шех хиндерг.

[15] Сайн дахаран деношкахь кхетам тӀе ца кхуьу хӀуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дӀакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу.

[16] ТӀех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тӀех а ма вала – хьуо хӀунда хӀаллаквойту ахь?

[17] Хьо тӀех зуламе а ма хила, хьекъал доцуш а ма хила – хьайна Дала еллачу хенал хьалха хьо дӀа хӀунда кхолхуьйту ахь?

[18] ХӀокху аьллачу хӀуманех цхьаъ схьалаца, амма шолгӀаниг а ма дита. Деле болчу ларамах вуьзначо шен декхар массо а гӀуллакхашна тӀехь кхочушдийр ду.

[19] Хьекъалалла дерг гӀалин иттех олахо чул а нуьцкъала ву.

[20] Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь.

[21] Ахьа хьайга мел аьлларг а хьайн даг чу ма лаца, хьан ялхочо хьох лаьцна аьлла вониг хьайга ца кхачийтархьама.

[22] ХӀунда аьлча хьо-хьо а цкъа аьлла ца Ӏа кхечарах лаьцна долу вониг.

[23] Сайн хьекъалаллица и дерриг а зийна ас. Сайн дагахь ас олура: «Хьекъалаллех вузур ву со». Амма иза далург ца хиллера!

[24] Хуьлуш мел дерг вайн кхетамо чу ца лоцу, цуьнан кӀорггера маьӀна ду. Хуьлуш долчу дерригенах мила кхетар ву?

[25] Хьекъалалла а, гӀуллакхийн маьӀна а хаарна а, иза талларна а, схьалахарна а тӀедирзира сан дог. Иштта суна хаа лиира, зуламе хилар сонта дуйла а, сонта хилар Ӏовдала дуйла а.

[26] Со кхета, и «зуда», аьлча а сонталла, Ӏожаллал къаьхьа юйла. Цуьнан Ӏалашо стагана кӀело яр а, иза дӀалацар а ю. Далла везаш верг ишттачу зудчун карара дӀавер ву, ткъа къинош летош верг ишттачу зудчун кара гӀур ву.

[27] «Хьажал суна карийначуьнга, – олу устаза. – ХӀара дерриг а вовшахтуьйхира ас, гӀуллакхийн маьӀна хӀун ду те карорхьама.

[28] Амма сайн даго лоьхург суна кара а ца дира. Олуш ма ду: „ХӀора эзар адамна юкъахь цхьацца хьекъалниг бен ца карийра суна, ткъа царна юкъахь цхьа а зуда ца карийра“».

[29] Амма цхьа хӀума ду суна билггала карийна: Дала адамаш Шена резадеш кхоьллина, ткъа церан Ӏалашо ю массо а хӀуманан маьӀна таллар.

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters