Skip to content
Opens in a new window

[1] Аса сайн дагахь элира: «Самукъадаккхарца зуьйр ву ас со, сайна ирсе хилар хӀун ду довзийтархьама!» Амма аса жамӀ дира, иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду аьлла.

[2] Гуттар а воьлуш лелар сонталла юйла а, самукъадаларх бала цхьа а пайда боцийла а хиира суна.

[3] ТӀаккха, сайн кхетам хьекъалх буьзна а болуш, ас сацам бира, сонтаваллалц чагӀар маларца зен веза аса со аьлла. И сонталла а зен лиира суна, кху стигална бухахь шайн доццачу дахаран деношкахь адамашна хӀун дика хуьлу сайна довзийтархьама.

[4] ТӀаккха со даккхий гӀуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гӀишлош а йира, кемсаш а дӀаюьйгӀира,

[5] бошмаш дӀайогӀа меттигаш а тойира, тӀаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дӀадуьйгӀира.

[6] Иштта ас Ӏаьмнаш дехира, айса моггӀара дӀадийгӀинчу дитташна хи тохархьама.

[7] Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тӀаьхьа сан цӀахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гӀалахь бехаш Ӏаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан.

[8] Ас дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цӀа чохь, боьршачу стеган дагна чӀогӀа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гӀарбаш-зударий.

[9] Ярушалайм-гӀалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидӀа а соьца дуьсура.

[10] Сайн бӀаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хӀума сан даго тӀеоьцура. Муьлххачу айса дечу гӀуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгӀат санна.

[11] ТӀаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гӀуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. Стигална кӀел цу гӀуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.

[12] Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХӀунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хӀун дан тарло цул тӀаьхьа дӀахӀуттун волчу стага?

[13] Суна гира хьекъалалла хиларо сонта хиларал сов буьсун болу пайда бар, серло боданал дикаха хиларе терра.

[14] Хьекъалечун бӀаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со.

[15] ТӀаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТӀаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хӀун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду».

[16] Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яӀ, хьекъалениг а дӀакхелха, сонтаниг санна!

[17] ТӀаккха суна деза ца делира хӀара дахар, хӀунда аьлча стигална кӀел мел дечу хӀумано гӀайгӀанаш яхьа. И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

[18] Сан дог делира айса стигална кӀел мел динчу халачу гӀуллакхех, хӀунда аьлча цу гӀуллакхех хилларг сол тӀаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх.

[19] Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кӀел мел даьккхинчунна тӀехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.

[20] Иштта со дохковелира айса стигална кӀел мел динчу гӀуллакхна.

[21] Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тӀе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хӀума ду.

[22] Иштта хӀун хуьлу ткъа адамна стигална кӀел ша бинчу балхах а, шен деган гӀайгӀанах а?

[23] ХӀора дийнахь балане а, гӀайгӀане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргӀат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума.

[24] Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх.

[25] Дала иза ца делча, яа а, я там хила а хьенан таро хир яра?

[26] Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дӀадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

Устаз: дахаран маьӀна лахар — Chapters