Skip to content
Opens in a new window

[1] Ахьаш-Варуш-паччахьо цу дийнахь паччахьан зудчунна Эсиратана дӀаделира жуьгтийн мостагӀ волчу ХӀаманан цӀенош. Мардахай паччахьна улло веара, хӀунда аьлча Эсирата цунна дӀахаийтира Мардахай шен гергара стаг хилар.

[2] ХӀаманера ша схьаяьккхина йолу шен чӀуг, пӀелга тӀера схьа а яьккхина, Мардахайга дӀаелира паччахьо. Ткъа Эсирата Мардахай, ХӀаманан цӀенна тӀехь коьрта тӀехьожург вина, дӀахӀоттийра.

[3] Эсирата, паччахьан когашка охьа а йоьжна, йоьлхуш, доьхура, агӀагхо волчу ХӀамана жуьгташна дан дагалаьцнарг ма дайтахьара бохуш.

[4] Паччахьо шен дашо гӀаж Эсиратана тӀе хьажийра. Эсирата, хьала а гӀаьттина, паччахьна хьалха дӀа а хӀоьттина,

[5] элира: «Паччахь, хьайн цу тӀехь лаам а белахь, хьан бӀаьргашна со езаш а елахь, хьан бӀаьргашна хьалха хӀара нийса а делахь, сан дуьхьа хӀара гӀуллакх дахьара ахьа. Хьо суна реза велахь, кехат яздахьара ахьа, агӀагхо волчу ХӀамдатин кӀанта ХӀамана массо а хьан пачхьалкхана карахь йолчу меттиге жуьгтий хӀаллакбе аьлла яздина долу кехаташ юхадерзош.

[6] Муха ловр бу ас сан къомана тӀехӀоьттина болу бохам а, сан гергара нах хӀаллакьхилар а?»

[7] ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо шен зудчуьнга Эсирате а, жуьгти волчу Мардахайга а элира: «ХӀаман жуьгташна дуьхьалваьлла хилар бахьана долуш аса цуьнан бахам Эсиратана дӀабелла, ткъа иза ша бӀогӀамна тӀе ирхъоьллина.

[8] Амма паччахьан цӀарах яз а дина, цуьнан мухӀарца чӀагӀдина долу кехат цхьаннан а дӀадаккха бакъо яц. ХӀинца аша, шайна бакъахьа хетарг тӀе а яздай, паччахьан цӀарах кехат кечде, иза паччахьан мухӀарца чӀагӀ а де».

[9] Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгӀачу Сиван-беттан ткъе кхоалгӀа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц долчу бӀе ткъе ворхӀ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Ӏаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тӀера элпашца а яздина дара.

[10] Мардахайс и кехаташ Ахьаш-Варушан цӀарах дӀаяздайтира, паччахьан мухӀарца чӀагӀ а дира. Цо и кехаташ геланчашка паччахьан сихачу говрашкахь дӀасадахьийтира (и говраш къаьсттина сихачу дойх схьаевлла хилла).

[11] Цу кехаташ тӀехь яздина дара, паччахьо хӀора гӀалахь болчу массо а жуьгташна шайн мостагӀех лардала бакъо яларх лаьцна. Царна бакъо елира муьлххачу а халкъан я меттиган эскар хӀаллакдан, цуьнан зударий а, бераш а дайа, нагахь санна и халкъ царна тӀелеттехь. Иштта бакъо елира церан бахам шайна дӀабахьа а.

[12] И хӀума кхочушдан билгалдаьккхина дара шийтталгӀачу Адар-беттан кхойтталгӀа де. Жуьгташна и хӀума дан бакъо еллера Ахьаш-Варушан ерриг а пачхьалкхехь мел йолчу меттигашкахь.

[13] ХӀора пачхьалкхана чуйогӀуш йолчу меттигехь цу кехата тӀера схьаязбина сацам нахана хьалха дӀабеша а, гучубаккха а безаш бара, жуьгтий цу дийнахь шайн мостагӀашна бекхам бан кийча хилийтархьама.

[14] Паччахьан сацам тӀехь болу кехаташ а эцна, геланчаш паччахьан говрашкахь сихха новкъа бевлира. И сацам дӀабовзийтира Шушан-гӀалин гӀопахь а.

[15] Мардахай паччахь волчуьра аравелира, тӀехь кӀайн а, стигалан басахь а йолу паччахьан бедарш а йолуш. Цуьнан коьртахь доккха дашо таж а дара, тӀехь таьӀна-цӀен втанан тоьллачу кӀадинах йина йолу оба а яра. Шушан-гӀалахь дӀахӀоттийна доккха деза де а дара, массо а халкъ доккхадеш а дара.

[16] Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара.

[17] Паччахьан сацам дӀакхаьчначу хӀора меттехь а, хӀора гӀалахь а адам чӀогӀа сакъералуш а, доккхадеш а дара, цара даккхий тойнаш дӀа а хӀиттийнера. Тайп-тайпанарчу къаьмнех дукхах болу нах жуьгтий хилира, хӀунда аьлча уьш жуьгтех чӀогӀа кхерабеллера.

Эсират — Chapters