[1] Шена паччахьан сацамах лаьцна дерг хиъча, Мардахайс шена тӀера бедарш этӀийра. Цо, вон тӀедеача юхуш йолу бедарш шена тӀе а юьйхина, коьрта тӀе чимаш тесира. ЧӀогӀа воьлхуш гӀала аравелира иза.
[2] Паччахьан кевнна улло дӀа а вахана, цигахь сецира иза, хӀунда аьлча сингаттаман духар дуьйхина верг цӀа чу ваха бакъо йолуш вацара.
[3] Паччахьан сацам дӀакхаьчначу массо а маьӀӀехь боьлхуш, тийжаш бара нах. Марха а кхобуш, доьлхуш дара адам, дукхах болу жуьгтий, сингаттаман духар а дуьйхина, лаьттарчу чимашкахь Ӏохкуш бара.
[4] Эсират йолчу а баьхкина, божарех а, зударех а болчу кхуьнан ялхоша Мардахайх лаьцна дийцира. ЧӀогӀа саготта яра Эсират. Цо Мардахайна тӀеюха хӀума яхьийтира, цуьнга, шена тӀера сингаттаман духар дӀа а даьккхина, уьш тӀеюхийтархьама. Амма Мардахайс уьш схьа ца ийцира.
[5] ТӀаккха Эсирата паччахьо шена тӀехӀоттийна волчу ваьӀначу ялхочуьнга ХӀатахига схьакхайкхира. Эсирата иза Мардахай волчу вахийтира, цуьнан сагатдеш дерг хӀун ду хьажа.
[6] ХӀатахи паччахьан кевнна хьалхахь йолчу гӀалин майдане вахара, цигахь Мардахайх кхета.
[7] Мардахайс цуьнга шена хилла долу массо а хӀума дӀадийцира. Цо иштта цунна дӀахаийтира, жуьгтий хӀаллакбархьама ХӀамана паччахьан хазне охьадилла чӀагӀо йина долу дато ахча мел ду а.
[8] Цо иштта ХӀатахига дӀаделира, жуьгтий хӀаллакбе аьлла, паччахьан сацам тӀехь болу кехат а. И сацам цу хенахь Шушан-гӀалин массо а маьӀӀе дӀабахьийтинера. Мардахайна лаьара и сацам Эсиратана дӀабовзийла а, цунна массо а хӀума дӀахоийла а. Цо Эсиратана тӀедиллийтира, иза паччахь волчу а яхана, цуьнга шен къомах къинхетам бахьара аьлла, паччахье дехарш дар.
[9] ХӀатахис, юха а веана, Эсирате дӀадийцира Мардахайс шега мел дийцинарг.
[10] ТӀаккха Эсирата Мардахайга хабар дахьийтира:
[11] «Массо а паччахьан гӀуллакх деш болчарна а, массо а халкъашна а хууш ду, хӀора зуда, я стаг, ша паччахьо тӀекхайкхина а воцуш, иза волчу чухуларчу керта водахь, и стаг, Ӏедало ма-бохху, вийна хила везаш вуйла. И санна волу стаг дийна вуьсур ву, нагахь санна паччахьо цуьнга шен дашо гӀаж дӀакховдаяхь. Ткъа со паччахьна тӀе кхайкхаза ткъе итт де дӀадаьлла».
[12] Мардахайга Эсирата аьлла долу дешнаш дӀадийцира.
[13] ТӀаккха цо Эсирате юха а хабар дахьийтира: «Хьуна ма мотталахь, жуьгташна юкъара хьо цхьаъ, паччахьан цӀа чохь хиларна, кӀелхьаръер ю.
[14] Нагахь санна хьо хӀинцалерчу хенахь йист а ца хуьлуш ӀадӀахь, жуьгташна гӀо кхечу меттера кхочур ду, ткъа хьо а, хьан ден цӀа а хӀаллакьхир ду. Хьанна хаьа, хӀара зама бахьана долуш кхаьчний а хьуна паччахьан дарж».
[15] Эсирата Мардахайна дуьхьал жоп дахьийтира:
[16] «Ваха а гӀой, Шушан-гӀалахь мел волу жуьгтий вовшах а тохий, суна тӀера марха кхаба. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий ца молуш, ца дууш хан яккха. Со а, сан ялхой а хир бу, шу санна, марха кхобуш. Цул тӀаьхьа со паччахь волчу гӀур ю, иза Ӏедална дуьхьал делахь а. Нагахь со яла езахь, со лийр ю».
[17] Мардахайс, дӀа а вахана, шега Эсирата аьлларг дира.