[1] Паччахь ХӀаманца Эсирата кечдинчу тойне вахара.
[2] Ша хьалхарчу дийнахь ма-хаттара, чагӀар молучу хенахь паччахьо Эсирате хаьттира: «Эсират, хӀун дехар ду хьан соьга? Хьайна луъург соьга деха, кхочушдийр ду аса хьан дехар. Ахпачхьалкх дӀаяла дезахь а, аса хьан дехар кхочушдийр ду».
[3] ТӀаккха Эсирата элира: «Нагахь, паччахь, хьо суна реза а велахь, иштта паччахьан лаам а белахь, сан лаамца сан дахар а суна дуьтийла цо, сан къам а дийна дуьтийла цо сан дехарца. ХӀара ду-кх сан хьоьга долу дехар,
[4] хӀунда аьлча со а, сан къам а доьхкина ду хӀаллакдан а, дайа а дагахь. Нагахь санна тхох леш дан дагахь доьхкина делахьара, аса паччахье хӀумма а эр дацара, и хӀума а дина, мостагӀчо паччахьна хилла зе меттахӀоттор доццушехь».
[5] ТӀаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хӀума динарг мила ву? Схьагайта суна и хӀума дан ваьхьна волу стаг».
[6] Эсирата элира: «И буьрса мостагӀа а, зуламе стаг а хӀара ву: ХӀаман!» Ткъа ХӀаман паччахьна а, паччахьан зудчунна а хьалха, кхера а велла, вегош лаьтташ вара.
[7] ЧӀогӀа оьгӀазвахана волу паччахь, тойнера хьала а гӀаьттина, шен цӀенна уллохь йолчу беша аравелира. Ткъа ХӀаман Эсирате, ша кӀелхьарваккха бохуш, дехарш деш чохь висира. Цунна хаьара, паччахьо шена таӀзар дийр дуйла.
[8] Бешара той долчу юхавеанчу паччахьна гира Эсират агӀоръяьлла Ӏаш йолчу меттан йисте воьжна Ӏуьллуш волу ХӀаман. ЧӀогӀа оьгӀазвахана волчу паччахьо мохь туьйхира: «Со чохь воллушехь, сан зудчунна тӀекхетта хьо!» Цуьнгара и дош доллушехь, ялхоша ХӀаманан юьхь къайлаяьккхира.
[9] Паччахьан ваьӀначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХӀаманан цӀенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бӀогӀам бу. Иза ХӀамана паччахь воьчуьра кӀелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хӀоттийна бу». ТӀаккха паччахьо элира: «ХӀаман цу бӀогӀам тӀехь ирхъолла!»
[10] ХӀаман ша Мардахайна кечбина болчу бӀогӀам тӀехь ирхъоьллира. Цул тӀаьхьа паччахь оьгӀазваханчуьра юхавирзира.