Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара хӀума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тӀера Хуша-махкана тӀекхаччалц йолчу цхьа бӀе ткъе ворхӀ меттигна тӀехь.

[2] Кху дийцар тӀехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гӀалин гӀопахь лаьтташ долчу паччахьан гӀанта тӀера паччахьалла дора.

[3] Ша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гӀуллакх деш болчарний лерина той хӀоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цӀийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кӀел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь.

[4] И той чӀогӀа деха лаьттира: бӀе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дӀагойтура хьешашна.

[5] И бӀе дезткъа де дӀадаьллачул тӀаьхьа паччахьо Шушан-гӀалин гӀопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дӀахӀоттийра. И той ворхӀ дийнахь лаьттира паччахьан цӀийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тӀера уггар а хьалдолчу стагана тӀекхаччалц волу цу гӀопара массо а вахархо.

[6] И керт яра кӀайчу а, сийначу а басахь долчу втанан кӀадешца кечйина. Уьш кӀайн а, цӀарула-цӀен а долчу кӀадинах йинчу тӀергашца шагатӀулган бӀогӀамашна тӀе даточу хӀазаршца дӀатесна яра. Деших а, детих а йина садаӀа меттигаш яра уьйтӀахь кечйина. И уьйтӀе, баьццара тӀулгаш а, шагатӀулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хӀума а, иштта Ӏаьржа тӀулгаш а дехкина, кечйина яра.

[7] Хьешашна тӀекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагӀар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара.

[8] Ца луучунна малар малийтар тӀе ца дожадора, хӀунда аьлча паччахьо дина омра дара, хӀоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.

[9] Паччахьан зудчо Вашатис а хӀоттийнера паччахьан цӀа чохь болчу зударшна лерина долу той.

[10] ВорхӀалгӀачу дийнахь, шен дог чагӀар бахьана долуш самукъадаьлла дӀахӀоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьӀна волчу ворхӀ ялхочуьнга МахӀу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигӀатига, АбагӀтига, Зитарга, иштта КӀаркасе а омра дира,

[11] шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тӀехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дӀагайта. Зуда-паччахь Вашати чӀогӀа хаза яра.

[12] Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьӀначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан. Паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара.

[13] Ӏедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гӀуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дӀаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хӀун дан деза аьлла.

[14] Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цӀераш яра: Каршани, ШетӀур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхӀ эла паччахьна паргӀат тӀекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара.

[15] Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гӀиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хӀун таӀзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».

[16] ТӀаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Ӏа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке.

[17] Вашатис динарг шайна дӀахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дӀахӀуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“.

[18] ХӀинцачул тӀаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дӀахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю.

[19] Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дӀакхайкхо беза. И лакхарчу Ӏедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дӀа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дӀадала деза паччахьо.

[20] И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дӀахиъначул тӀаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цӀе яхна болчарна тӀера дуьйна кӀезигчу нахана тӀекхаччалц».

[21] Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чӀогӀа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тӀеийцира.

[22] Цо шен пачхьалкхан массо а маьӀӀе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хӀора меттиган абатан низамехь а, хӀора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тӀехь аьлла дара, хӀора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цӀахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.

Эсират — Chapters