Skip to content
Opens in a new window

[1] КхозлагӀчу дийнахь Эсират, шен паччахьан зудчун бедарш тӀе а юьйхина, паччахь чохь волчу цӀийнан чухуларчу кертахь дӀахӀоьттира. И меттиг паччахьан чоьнна нийсса дуьхьал яра. Паччахь шен гӀанта тӀехь Ӏаш вара паччахьан цӀа чохь, нийсса чувогӀийла йолчу меттигна дуьххьал.

[2] Цо, шена Эсират гича, цунна реза а хилла, иза йолчу агӀор шен карахь йолу дашо гӀаж дӀакховдийра. Эсират, тӀе а еана, цу дашочу гӀожан йистах дӀахьакхаелира.

[3] ТӀаккха паччахьо хаьттира: «Сингаттаме хӀума-м дац, паччахьан зуда Эсират? ХӀун дехар ду хьан соьга дан? Аса кхочушдийр ду хьан муьлхха а дехар, сайн ахпачхьалкх дӀаяла езахь а».

[4] Эсирата элира: «Паччахьан лаам хилахь, тахана хьо а, ХӀаман а аса хьан дуьхьа кечдина долчу тойне вогӀийла луур дара суна».

[5] ТӀаккха паччахьо элира: «Сихха ХӀаман кхуза схьавалаве Эсиратан дехар кхочушдан». Паччахь ХӀаманца цхьаьна шайна Эсирата хӀоттийначу тойне веара.

[6] Ша чагӀар молучу хенахь паччахьо юха а хаьттира Эсирате: «ХӀун дехар дара хьан соьга? Аса иза кхочушдийр ду. Ахьа ахпачхьалкх ехахь, аса иза а дӀалур ю».

[7] ТӀаккха Эсирата жоп делира: «Сан дехар иштта ду:

[8] нагахь санна паччахь суна реза а велахь, цунна сан дехар кхочушдан а лаахь, иза кхана ХӀаманца цхьаьна аса церан сийнна хӀотто леринчу тойне вогӀур ву. ТӀаккха дӀаэр ду аса паччахье сайна луург».

[9] Цу дийнахь ХӀаман паччахь волчуьра чӀогӀа самукъадаьлла аравелира. Амма паччахьан кевнна уллохь цунна Мардахай гира. ХӀара тӀехволуш, Мардахай ХӀаманна хьала а ца гӀаьттира, цунна хьалха вега а ца вира. ТӀаккха чӀогӀа оьгӀазвахара иза цунна.

[10] Халла сатуьйхира цо Мардахайна. Шен цӀа ваханчул тӀаьхьа, цо шен доттагӀий а, шен зуда Зеришат а схьакхайкха бахийтира.

[11] ХӀаман дозаллаш дан волавелира, шен боккха бахам а, шен кӀентий а буьйцуш. Цо иштта дозаллица дуьйцура паччахьо ша кхечу элашна а, ялхошна а хьалха къасторх лаьцна а, иштта шена деллачу даржах лаьцна а.

[12] Цо бохура: «Со цхьаъ ву паччахьан зудчо Эсирата паччахьца тойне кхайкхинарг. Эсирата кхана а кхайкхина тхойшинга тойне.

[13] Амма цу хӀуманах со самукъадолуш вац. Сан са паргӀат дер дац, паччахьан кевнна уллохь Ӏаш волу жуьгти Мардахай сайна мел го».

[14] ТӀаккха Зеришата а, массо доттагӀаша а цуьнга элира: «Шовзткъе итт дол лекха бӀогӀам дӀахӀоттабе алий, омра де. Ӏуьйранна паччахье цу тӀехь Мардахай ирхъолла ала. Цул тӀаьхьа, хьайн дог паргӀат а долуш, паччахьца тойне гӀур ву хьо». И дешнаш ХӀаманна чӀогӀа тайра. Цо омра дира, бӀогӀам дӀахӀоттабе аьлла.

Эсират — Chapters