Skip to content
Opens in a new window

[1] Цу буьйсанна наб яйнера паччахьан. Цо, шен пачхьалкхехь хуьлуш долу массо а хӀума дӀаяздеш долу тептар схьа а даийтина, иза шена дешийтира.

[2] Цу тептар тӀехь дӀаяздина дара Ахьаш-Варуш вен дагахь паччахьан чоь ларъеш болчу ялхоша БагӀтанис а, Тараша а къайлаха бина хиллачу бартах лаьцна а, и хӀума Мардахайна хаар бахьана долуш, цара бина болу барт кхочуш ца хиларх лаьцна а.

[3] ТӀаккха паччахьо хаьттира: «ХӀун сий а, дика а дина Мардахайна и хӀума бахьана долуш?» Ялхоша жоп делира: «Мардахайна цхьа а хӀума ца дина».

[4] Паччахьо хаьттира: «ХӀинца мила ву кертахь?» Цу хенахь паччахьан цӀийнан арахьарчу керта ХӀаман веара. Иза, паччахье ша кечбинчу бӀогӀам тӀе Мардахай ирхъолла аьлла, дехар дан веанера.

[5] Ялхоша жоп делира: «ХӀаман ву кертахь лаьтташ». Паччахьо элира: «Чувола ала цуьнга».

[6] ХӀаман чувеара. Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун дан деза паччахьо ша сий хьаладаккха лерина волчу стеган дуьхьа?» – аьлла. Ткъа ХӀаманан даг чохь дара: «Со воцург кхин мила ву паччахьо сий хьаладаккха лерина верг?»

[7] Цо паччахьна жоп делира: «Хьайна цу стеган сий хьаладаккха лаахь, ахьа хӀара дан деза:

[8] хьайн ялхошка айхьа лелош йолу бедарш схьая ала. Хьайн говр а цаьрга схьаялаяйта, цу говран коьрта тӀе паччахьан таж а диллийта.

[9] И говр а, и бедарш а хьайн элашна юкъахь уггар а тоьлла волчуьнга дӀало. Паччахьо сий хьаладаккха лерина волчуьнга и бедарш тӀеюхийта. Цул тӀаьхьа, и стаг цу говрана тӀе а хаавай, гӀалин урамашка ваккха, цунна хьалха нахе хаам а бойтуш: „Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!“ – аьлла».

[10] Паччахьо ХӀамане элира: «ХӀинццехь говр а, бедарш а схьа а эций, айхьа ма-аллара, паччахьан кевнехь гӀуллакх деш волчу жуьгтичунна Мардахайна де и хӀума. Айхьа аьллачунна тӀера цхьа а хӀума дӀа ма даккхалахь».

[11] ХӀамана, бедарш а, говр а схьа а эцна, и бедарш Мардахайна тӀе а юьйхина, иза паччахьан говрахь гӀалин урамашка ваьккхира. Мардахайна хьалха ХӀамана бохура: «Иштта лелаво паччахьо сий хьаладаккха лерина верг!»

[12] Цул тӀаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХӀаман гӀийла, юьхьӀаьржачу хӀоттарна шен корта къайла а баьккхина, цӀа ваха сихвелира.

[13] Цо шен зудчуьнга Зеришате а, шен массо а доттагӀашка а шена мел хилларг дӀадийцира. Цунна хьехар дина болчу наха а, цуьнан зудчо Зеришата а цуьнга элира: «Нагахь жуьгтех волу Мардахай бахьана долуш хьо дакъазаволуш велахь, хьо тоьлур вац цул, мелхо а, цунна хьалха дакъазавер ву».

[14] Цара шайн къамел чекхдаккхале, баьхкина схьакхаьчначу паччахьан ялхоша ХӀаман Эсирата кечдинчу тойне ваха сихвира.

Эсират — Chapters