Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаьхьо, шен оьгӀазалла дӀаяьлча, Ахьаш-Варуша Вашатих лаьцна ойла йора. Цо динчух а, ша иза бахьана долуш бинчу сацамах а лаьцна яра цуьнан ойла.

[2] ТӀаккха цунна уллохь болчу ялхоша элира: «Паччахьна къона а, хаза а мехкарий лаха беза.

[3] Паччахьо хаьржина болчу баьччанаша пачхьалкхан массо а маьӀӀера хаза зудабераш схьахаржа деза. Цул тӀаьхьа уьш Шушан-гӀалин гӀопе схьадало а деза. И зудабераш паччахьан зударий чохь Ӏаш долчу цӀа чу а дигна, ваьӀна волу коьрта ялхо волчу ХӀигайн куьйга кӀел охьаховшо деза, хӀоранна а чкъор хаза хуьлуьйтуш долу хьакхарш а делла.

[4] Паччахьна хазахетта йолу йоӀ Вашатин метта дӀахӀотто еза». Паччахьна и хьехам чӀогӀа тайра, цундела цо иза кхочушбан омра дира.

[5] Шушан-гӀалин гӀопахь вехаш Ӏаш цхьа жуьгти хилла, Мардахай цӀе а йолуш, Бен-Яманан тайпанах а волуш. Иза Къушин кӀант волчу ШамаӀин кӀентан Яиран кӀант хилла.

[6] Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь паччахь волу ЯхӀу-Яхин Ярушалайм-гӀалара йийсаре валийча, иза а, кхечарна юкъахь, йийсаре валийна хилла.

[7] Цуьнан, ХӀадаси цӀе а йолуш, ден вешин йоӀ хилла. ЙоӀан я да а, я нана а ца хилла, цундела иза Мардахайс дола деш лелош хилла. ХӀадасин дай-наний кхелхинчул тӀаьхьа, цо шен йоӀ санна лелош хилла иза. ХӀадасин, Эсират аьлла, кхин а цхьа цӀе йоккхуш хилла. Цуьнан юьхь-сибат а, дегӀ а чӀогӀа хаза а, куц долуш а дара.

[8] Паччахьан сацам нахана дӀахаийтинчул тӀаьхьа дукха зудабераш схьадалийра Шушан-гӀалин гӀопе. Уьш паччахьан зударий ларбеш волчу ХӀигайн куьйга кӀел дӀаделира. Эсират а, паччахьан гӀишлошна чу а ялийна, ХӀигайн куьйга кӀел дӀаелира.

[9] ХӀигайнна чӀогӀа хазахийтира Эсират, цундела иза цуьнца къаьсттина дика вара. Цо цунна хьакхарш а делира, цуьнан гӀуллакх дайта паччахьан ялхойх йолу ворхӀ йоӀ а елира. Эсират а, цуьнан гӀуллакх деш долу зудабераш а, зударий чохь Ӏаш болчу цӀийнан уггар а дика чоьнаш а елла, охьаховшийра цо.

[10] Эсирата шен къомах а, шен гергарчу нахах а лаьцна цхьа а хӀума ца дуьйцура, хӀунда аьлча Мардахайс цунна, хӀумма а ма дийца аьлла, тӀедиллинера.

[11] Мардахай хӀора дийнахь зударий Ӏаш болчу цӀийнан кертана уллохь лелаш хуьлура, хӀунда аьлча цунна хаа лаьара, Эсиратан хьал-де муха ду.

[12] Ахьаш-Варуш-паччахьан цӀа чу яхале, хӀора йоӀа шийтта баттахь шена хьакхарш хьекха дезаш хуьлура – ялх баттахь деза даьтта а хьоькхуш, ткъа вукху ялх баттахь духӀиш а, кхидолу зударийн хьакхарш а хьоькхуш.

[13] Цул тӀаьхьа иза паччахьан цӀа чу йоьдура. Иза паччахьан цӀа чу йоьдуш, зударий Ӏаш болчу хӀусамера ша езаялийта шена луъург схьаэца магийна дара.

[14] Суьйранна иза паччахь волчу буьйса яккха дахаза долчу зудаберашна юкъара йолий, паччахь волчу чуйоьдуш хилла, ткъа Ӏуьйранна паччахьан зударий болчу дӀайоьдуш хилла, ШаӀа-Шагиз бохуш цӀе а йолуш, паччахьан гӀарбаш-зударшна тӀехь Ӏуналла деш волчу ваьӀна ялхочун куьйга кӀел. Паччахьан цӀа чу кхин йоьдуш ца хилла и йоӀ, цо цӀе а яьккхина, цуьнга дӀакхайккхалц.

[15] ТӀаьххьара а Эсират паччахь волчу чуйоьду хан тӀекхечира. Шен деваша волчу Абу-ХӀаилан йоӀ йолу Эсират Мардахайс, шен йоӀ санна, тӀелаьцна хилла. Паччахь волчу чуйоьдучу хенахь, паччахьан зударий ларбеш волчу ваьӀначу ялхочо ХӀигайс шена хьехам бинарг бен, хӀумма а ца дийхира цо. Эсират дӀагинчарна массарна а хазахеташ хилла.

[16] Паччахьан цӀа чу Ахьаш-Варуш волчу Эсирате дӀакхайкхира цуьнан паччахьалла лаьттачу ворхӀалгӀачу шеран уьтталгӀачу Табат олучу баттахь.

[17] Паччахьна Эсират массо а зударел а дукхаезаелира. Цундела иза цуьнца дика а вара, цунна реза а вара. Ахьаш-Варуша Эсиратан коьрта тӀе паччахьан таж а диллира, иза Вашатин метта паччахьан зуда йина дӀа а хӀоттийра.

[18] Паччахьо Эсиратан сийнна доккха той хӀоттийра, цига массо а элий а, баьччанаш а кхойкхуш. Массо а шен пачхьалкхан меттигашна цо цхьа деза де дӀахӀоттийра. Ша комаьрша паччахь хиларе терра, цо дукхахболчарна совгӀаташ дахьийтира.

[19] Зудабераш, паччахьца хиллачул тӀаьхьа, кхечу метте схьагулдечу хенахь Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀедиллина долу гӀуллакхаш деш хилла.

[20] Эсирата, Мардахайс шега ма-аллара, цхьаьнгге а ца дуьйцура, ша мича тайпанах ю а, мича къомах ю а. Цуьнан йоӀ санна, Мардахайн куьйга кӀел ша хиларе терра, Эсирата ладугӀура Мардахайга.

[21] Мардахай паччахьан кевнна уллохь шена тӀехь долу гӀуллакх деш волчу хенахь, цунна хиира, паччахьан цӀа чу боьду некъ ларбеш болчарах ши гӀаролхо волу БагӀтани а, Тараш а, Ахьаш-Варушана оьгӀаз а вахана, иза вен барт беш вуйла.

[22] Иза шена хиъча, Мардахайс и хӀума паччахьан зуда йолчу Эсирате дӀадийцира, ткъа Эсирата иза Ахьаш-Варуш-паччахье дийцира. Мардахайн цӀарах цо иштта хаам а бира.

[23] Мардахайс аьлларг теллинчул тӀаьхьа, паччахьна дӀахиира, иза баккъал а бакъ дуйла. Паччахь вен барт бина волу ши гӀаролхо дитта тӀехь ирхъоьллира, ткъа паччахьна хьалха и массо а гӀуллакхаш паччахьан хиламийн тептар тӀехь дӀаяздира.

Эсират — Chapters