Skip to content
Opens in a new window

[1] Суна, Даниална, Белшацар-паччахьо паччахьалла динчу кхоалгӀачу шарахь хьалха дуьхьалхӀоьттинчу суьртал тӀаьхьа юха а дуьхьалхӀоьттира цхьа сурт.

[2] Сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Ӏейлам олучу декъа тӀера Шушан-гӀалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна.

[3] БӀаьргаш хьалахьажийча, суна хӀара сурт гира: хин йистехь лаьтташ цхьа ка бара, цуьнан ши маӀа яра. Ший а маӀа йоккха яра, амма цхьа маӀа вукхул йоккхо а яра, и йоккха маӀа тӀаьхьа хьалаяьлла а яра.

[4] Цу коьмо малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а маӀаш Ӏуьттура. Цхьанна а экхане цунна дуьхьало ца ялора, цхьа а цунах кӀелхьара а ца далалора. Цо шена луъург а дора, кураллаш а йора.

[5] Со цу белхан ойла еш волчу хенахь, малхбузехьара, сов сиха ярна, лаьттах ког а ца кхеташ, цхьа бож яра йогӀуш. Цу божан шина бӀаьрга юккъехь схьакъаьсташ гуш цхьа маӀа яра.

[6] Хин йистехь суна гиначу ши маӀа йолчу коьмана шен чӀогӀачу дераллица чухьаьдира и бож.

[7] КхидӀа суна гира цу божо, дар а елла, цу коьмана тӀе а кхетта, цунах лата а летта, иза эшош. Цуьнан ши маӀа йохийра цо. Цу коьман ницкъ ца тоьира божана дуьхьал лата. Цу божо, тоьхна лаьтта а божийна, хьаьшна дӀабахийтира ка. Вацар-кх цхьа а и ка цу божан карара кӀелхьарбаккхалур волуш.

[8] Циггахь бож чӀогӀа кураелира, амма иза чӀагӀъелла дӀахӀоьттича, цуьнан йоккхаха йолу маӀа кагъелира. Цуьнан метта, стигалара мох хьоькхучу еа а агӀор а йирзина, йиъ маӀа тӀеелира.

[9] Царах йолчу цхьана маӀана тӀе кхин цхьа жима маӀа елира. Иза къилбехьа а, малхбалехьа а, «къаьсттина хазачу махкахьа» а чӀогӀа дӀасаяьржира.

[10] Стигаларчу ницкъашна тӀелаттал чӀагӀ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо.

[11] Ур-атталла цу ницкъийн Элана а дуьхьалъелира иза. Цунна хӀора дийнахь сагӀа даккхар а дихкира цо, Цуьнан цӀа а сийсаздаьккхира цо.

[12] Делан эскаро къинош леторна тӀера хӀора дийнахь доккху сагӀа дӀатесира. Билггал бакъдерг лаьтта тӀе охьатаӀийра. Цу маӀан ша мел дечунна тӀехь аьтто болура.

[13] Суна хезира цхьа малик цхьаьнга дистхуьлуш: «Мел яхлур ю те хӀора дийнахь доккхучу сагӀанах а, Далла вас еш долу къилахь хӀуманаш лелорах а, Делан цӀа а, Делан эскар а когашца хьешарх а лаьцна дуьхьалхӀуттучу суьртехь юьйцу зама?»

[14] Суна хезира вукхо делла жоп: «Ши эзар кхо бӀе суьйре а, Ӏуьйре а яьлча, Делан цӀа цӀанлур ду».

[15] ХӀара сурт суна гӀенах дуьхьалхӀоьттинчул тӀаьхьа, со, Даниал, цуьнан маьӀна лоьхуш вара. Ткъа цӀеххьана суна хьалха стеган аматехь волу цхьаъ дӀахӀоьттира.

[16] ТӀаккха Улай-хин тӀера адаман аз хезира суна. Цу озо, кхойкхуш, бохура: «Джабраил-малик, кху суьртан маьӀна дехьа цунна!»

[17] Цул тӀаьхьа со лаьтташ волчу метте тӀевеара иза. И тӀевеача, кхеравелла, бертал охьавуьйжира со. Цо элира соьга: «Хаалахь, адаман кӀант, хӀара сурт дуьненан чаккхенан заманца дозуш дуйла!»

[18] Иза соьга вистхуьлучу хенахь, чохь са а доцуш, бертал воьжна Ӏара со. Ткъа цо, соьга куьг а кховдийна, со когаш тӀе дӀахӀоттийра.

[19] «ХӀинца Делан оьгӀазлонан тӀаьхьарчу деношкахь хиндерг дуьйцур ду ас хьуна, дуьненан чаккхенан билгалъяьккхинчу заманца иза дозуш долу дела, – элира соьга малико. –

[20] Хьуна гина болу ши маӀа йолу ка – уьш мадайхойн а, парсихойн а паччахьаш бу.

[21] Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бӀаьргашна юккъехь йолу йоккха маӀа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву.

[22] И маӀа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маӀа тӀеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дӀахӀуттур ю, амма, хӀара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза.

[23] Ткъа церан паччахьалла чекхдолуш, уьш кхоччуш къинош латийна бевллачу хенахь, эхь доцу, тешнабехк барехь корматалла шегахь йолу цхьа паччахь дӀахӀуттур ву.

[24] Цуьнан ницкъ чӀагӀлур бу, цуьнан шен ницкъаца и ца хилахь а. Тамашийна бохамаш бан а, ша мел дечунна тӀехь аьтто хила а, онда ницкъ берш а, Делан халкъ а хӀаллакдан а ларош хир ву иза.

[25] И паччахь хьекъал долуш хиларна, тешнабехк барехь аьтто хуьлуш хир ву. Цуьнан даг чу куралла южур ю. ДӀахьедар а ца деш, халкъашна юкъара дукхахберш цо цӀеххьана хӀаллакбийр бу. Уггар а лакхара волчу паччахьна дуьхьал вер ву иза, ткъа иза хӀаллаквийр ву, амма иза адаман карах хир дац.

[26] Суьйренех а, Ӏуьйренех а лаьцна хьуна гинарг – иза билггал бакъ ду, ткъа ахьа и хьайна гина сурт къайладаккхий дита, иза кестта хиндолчух лаьцна доцу дела».

[27] Масийтта дийнахь гӀора а дайна, цомгуш хилла Ӏийра со, Даниал. Цул тӀаьхьа а бен паччахьан гӀуллакхаш дан вола ца велира со. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртах со цецваьллера, со цунах ца кхетара.

Даниал-пайхамаран тептар — Chapters