Skip to content
Opens in a new window

[1] «Оцу хенахь хьан халкъ Ӏалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТӀаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хӀокху ханна тӀекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогӀур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тӀе дӀаязбина карор берш кӀелхьарбевр бу.

[2] ТӀаккха лаьттара кешнаш чохь бийшинчех дукхахберш денлур бу, цхьаберш даим а Дела волчохь баха, ткъа вуьш гуттаренна а сийсазбина а, сий дайина а хила.

[3] Стигалара серло санна, хьекъалнаш лепаш хир бу, ткъа дуккха а адамаш бакъболчу новкъа тӀе дерзийнарш а хир бу, седарчий санна, лепаш гуттаренна а, массо хенахь а.

[4] Ткъа ахьа, Даниала, хӀара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тӀеяллалц кху тептарна мухӀар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тӀаккха хаарш алсамдевр ду».

[5] Цул тӀаьхьа со, Даниал, дӀахьаьжира: кхин шиъ а вара лаьтташ, цхьаъ хин хӀокху йистехь, важа – вукху йистехь.

[6] Царах цхьаммо гатанан духарца хиш тӀехь лаьтташ волчу стаге хаьттира: «Маца хир ю оцу инзаречу хиндолчийн чаккхе?» – аьлла.

[7] ТӀаккха гатанан духарца хиш тӀехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хӀара дерриг а чекхдер ду».

[8] Суна хезира иза, амма со ца кхийтира, цундела ас хаьттира: «Сан эла! Цу дерригенан а чаккхе муха хир ю те?» – аьлла.

[9] «ДӀавало, Даниал. Чаккхенан зама яллалц, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина ду и дешнаш, – элира цо. –

[10] Дукхахберш цӀанлур бу, кӀайлур бу, лалор бу уьш зерца. Зуламхой харцонаш еш хир бу. Ӏесачех цхьа а кхетар вац кхунах, ткъа хьекъалнаш кхетар бу.

[11] СагӀа даккхар а сацийна, вас еш йолу къемате хӀума дӀахӀоттийначул тӀаьхьа цхьа эзар ши бӀе дезткъе итт де дер ду.

[12] Декъала ву цхьа эзар кхо бӀе ткъе пхийтта дийнахь ла а доьгӀна, оцу хене кхочун верг.

[13] Ткъа хьо чаккхенна тӀегӀо, вала а велла, гӀоттур ву хьо денойн чаккхенгахь хьайна догӀург схьаэца».

Даниал-пайхамаран тептар — Chapters