[1] Парси-мехкан паччахьо Къуреша паччахьалла дечу кхозлагӀчу шарахь Бел-Ташацар цӀе йолчу Даниална Делера хаам хиллера. И хаам бакъ а бара, ткъа цунах кхета чӀогӀа хала а дара. ДуьхьалхӀоьттинчу суьртехула Даниална дӀахоуьйтура цу хааман маьӀна.
[2] Оцу деношкахь кхаа кӀирнах гӀайгӀане воьжна Ӏийра со, Даниал.
[3] Тоьлла кхача ца буура ас. Жижиг а, чагӀар а ца дахара сан кийра. Кхо кӀира кхаччалц, дегӀан цӀано ярхьама хьожа йогӀу хьакхарш ца хьийкхира аса.
[4] Ткъа хьалхарчу беттан ткъе доьалгӀачу дийнахь Хьиддекхал олучу доккхачу хин йистехь лаьтташ вара со.
[5] Хьалахьаьжча, суна хӀара сурт гира: гатанан бедар а юьйхина, гӀодаюккъе Упаз-махкарчу деших дина доьхка а дихкина, цхьа стаг вара лаьтташ.
[6] Цуьнан дегӀ, жовхӀар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БӀаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цӀестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара.
[7] Со, Даниал, воцучунна, цхьанна а и дуьхьалхӀоьттина сурт ца гира. Соьца хилла долчу адамашна а ца гира и сурт, делахь а боккхачу кхерамо дӀалецира уьш, тӀаккха дӀаловчкъа дӀадевдира уьш.
[8] Со цхьа висира. Оцу дуьхьалхӀоьттинчу Ӏаламат доккхачу суьрте хьоьжура со. Сан гӀора дайра, со докъан васте вахара, сан ницкъ метта ца хӀуттура.
[9] ТӀаккха цуьнан дешнийн аз хезира суна. Цуьнан дешнийн аз сайна ма-хеззина, Ӏада а вина, бертал а воьжна, лаьтта тӀехь Ӏуьллура со.
[10] Цу хенахь, сан дегӀе зуз а доуьйтуш, сох цхьа куьг хьакхаделча, сан голаш тӀе а, куьйгаш тӀе а веаларахӀоттийра со цу куьйго.
[11] ТӀаккха цу стага элира соьга: «Даниал, Далла везаш волу стаг! ХӀинца со хьайна тӀеваийтина дела, ас хьайга эр долчу дешнийн духе кхиалахь. Хьайн когаш тӀе нийса дӀахӀотта». Цо и дешнаш сайга аьлча, вегош, хьалагӀаьттира со.
[12] ТӀаккха цо соьга элира: «Ма кхера, Даниал. Далла хьалха хьайн дог эсала а дина, хӀокху хаамах кхета гӀерташ, ахь дина доӀанаш дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна Далла дӀахезна. Ахь дехна дела веана со.
[13] Амма Парси-пачхьалкхана тӀехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гӀо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела.
[14] ХӀинца хьан халкъах тӀаьхьарчу хенашкахь хӀун хир ду аьлла, хьуна хаам бан веана со, хӀунда аьлча дуьхьалхӀоьттина хьуна гина сурт цу тӀедогӀу долчу деношца доьзна ду».
[15] И дешнаш соьга цо олучу хенахь, мотт а сецна, аса корта охьатаӀийра.
[16] Адамийн сибатехь волу цхьаммо сан балдех куьг хьаькхира, тӀаккха со, бага а гӀаттийна, къамел дан волавелира. Сайна хьалха лаьтташ волчуьнга ас элира: «Эла! ДуьхьалхӀоьттинчу суьрто суна даийтинчу лазарша сан гӀора дӀадаьккхина.
[17] Ткъа хьан лай волчу аса хӀара къамел муха дийр ду сан эла волчу хьоьца? Дац-кх соьгахь гӀора, са а ца даӀало-кх соьга кхин».
[18] ТӀаккха оцу адамийн сибатехь волчо, юха а сох куьг а Ӏоьттина, со чӀагӀвира.
[19] Цо элира: «Ма кхерало, Далла везаш волу стаг! Машар хуьлда хьоьца. Доьналла долуш хила! ЧӀагӀло!» Иза соьга вистхуьлучу хенахь со кхин а чӀагӀвелира. ТӀаккха ас дийхира: «Со чӀагӀвина ахь, дийцахьа хӀинца, эла».
[20] Цо элира: «Хаьий хьуна, хӀунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тӀехь дӀаяздина дерг хьоьга дӀахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хӀинца Парси-мехкан элаца тӀом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тӀаьхьа грекахойн элан рагӀ кхочур ю. Цу тӀе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гӀо дийр долуш.