Skip to content
Opens in a new window

[1] Набухди-Нецар-паччахьо деших цхьа сурт дайтира, лакхалла кхузткъа дол барам болуш, ткъа шоралла ялх дол барам болуш. Цо иза дӀахӀоттийра Бавел-махкара Дура олучу шерачу арахь.

[2] ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо схьакхайкхира тхьамданаш, мехкадай, куьйгалхой, коьрта кхелахой, хазна Ӏалашйийраш, бакъонаш лелораш, кхелан нийсо ларйийраш, иштта кхин болу мехкан хьаькамаш а, и дайтина сурт даздеш, дӀаделларна хӀоттийначу дезачу дийнахь схьадуьйла аьлла.

[3] Тхьамданаш а, мехкадай а, юьртдай а, коьрта кхелахой а, хазна Ӏалашйийраш а, бакъонаш лелораш а, кхелан нийсо ларйийраш а, кхин болу мехкан хьаькамаш а Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийна долу сурт гучудаккхар даздан схьагулбелира. Набухди-Нецар-паччахьо хьалахӀоттийначу суьртана хьалха дӀахӀиттира уьш.

[4] ТӀаккха туркхо зевне мохь туьйхира: «Хаам бо шуьга, массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болу нах!

[5] Нагахь маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн иштта кхин массо а тайпана эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана.

[6] Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цӀе летта йогучу пеша кхуссур ву».

[7] Цундела, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, кхин массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз хезча, массо а мехкийн, халкъийн, меттанийн а болчу наха, охьа а эгна, Набухди-Нецар-паччахьо дӀахӀоттийначу дашочу суьртана сужда дира.

[8] Оцу хенахь цхьаболу седа-жайна хьовсучара яхӀудхой бахьана долуш, бахка а баьхкина, паччахье мотт туьйхира.

[9] Цара Набухди-Нецар-паччахье элира: «Паччахь, вехийла хьо даим!

[10] Ахь омра динера, хӀора адам шена маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн, кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз шайна хезча, охьа а эгий, сужда де деших динчу суьртана аьлла.

[11] Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг цӀиййиначу пеша кхосса аьлла.

[12] Амма ахь Бавел-махка тӀехь гӀуллакх дан хӀоттийначу къонахоша кхочуш ца до, ва паччахь, хьан омра. Уьш бу Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а цӀе йолу яхӀудхой. Хьан деланаш а ца лору цара, ахь дӀахӀоттийначу деших динчу суьртана Ӏибадат а ца до цара».

[13] ТӀаккха Набухди-Нецара, ша луьра дарвеллачохь, тӀедожийра Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а шена тӀевалор. И нах паччахьна тӀебалийра.

[14] Набухди-Нецара хаьттира цаьрга: «Бакъ дуй, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, аша сан деланаш ца ларар а, ас дӀахӀоттийначу суьртана Ӏибадат ца дар а?

[15] Нагахь санна хӀинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маӀийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гӀирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дӀахӀоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Ӏибадат ца дахь, цу сохьта цӀиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТӀаккха муьлхачу дала кӀелхьардохур ду шу сан куьйгах?»

[16] Шадрака а, Мешака а, Ӏабди-Нагас а жоп делира Набухди-Нецар-паччахье: «Цунах лаьцна хьоьга жоп дала оьшуш меттиг бац тхан.

[17] Нагахь санна тхо цӀийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Ӏибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кӀелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кӀелхьардохур ду Цо тхо.

[18] Нагахь санна Цо и ца дахь а, хаа ду хьуна, ва паччахь, хьан деланаш оха лорург цахилар а, ахь дӀахӀоттийначу дашо суьртана корта беттарг цахилар а».

[19] И хезча, оьгӀазаллех вуьзира Набухди-Нецар. Шадраке а, Мешаке а, Ӏабди-Наге а хьаьжча, ойла хийцаелира цуьнан. ТӀаккха хӀинццалц чул ворхӀазза чӀогӀа пеш латае аьлла, омра дира цо.

[20] Шен эскарера уггаре а онда болчу къонахошна тӀедожийра паччахьо Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а, дӀа а вихкина, цӀиййиначу пеша кхоссар.

[21] Цул тӀаьхьа уьш, дӀа а бихкина, чухулара а, тӀехулара а бедаршца а, коьртарчу хӀуманашца а, церан кхин йолу тӀерачу хӀуманашца а цӀе летта йогучу пеша кхиссира.

[22] Паччахьо дина и омра чӀогӀа а хилла, пеш сов тӀех цӀиййина хилар бахьана долуш, цӀеран алуно багийна байира Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а пеша чу кхиссина болу нах.

[23] Ткъа хӀара кхо стаг, Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а, вихкина а волуш, цӀе летта йогучу пеша вуьйжира.

[24] Жимма хан яьлча, пеша хьоьжучу Набухди-Нецара, инзар а ваьлла, сихха хьала а иккхина, шена гонах болчу элашка хаьттира: «Кхо стаг вацара вай вихкина цӀерга кхоьссинарг?» – аьлла. Цара жоп делира паччахье: «ЦӀена бакъ ду-кх иза, паччахь!» – аьлла.

[25] Цара аьллачунна дуьхьал паччахьо элира: «ХӀан-хӀан, вихкина воцу виъ стаг го суна цу чохь цӀарна юккъехула лелаш, цхьа а тайпана зен ца хилла царна, ткъа воьалгӀачун васт маликачух тера ду».

[26] Йогучу пешан кевне а вахана, Набухди-Нецара элира: «Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага, Веза Воккхачу Делан леш, арадовла, схьадуьйла!» ТӀаккха Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а цӀеран юккъера арабевлира.

[27] Схьагулбеллачу тхьамданашна а, мехкадайшна а, куьйгалхошна а, паччахьна гонах болчу элашна а гира хӀокху нехан догӀмашна тӀехь и цӀе ницкъ болуш ца хилар. Коьртара месаш а ца ягийнера, тӀера бедарш а хийца ца еллера, ур-атталла цӀеран хьожа-м яцара царех йогӀуш.

[28] ТӀаккха Набухди-Нецара элира: «Хастам бу Шадракан а, Мешакан а, Ӏабди-Нагин а Далла, царна Шен малик даийтина волчу. Шех тешна, паччахьан омра кхочуш а ца дина, шайн Дела воцург лара а ца лерина, шайн Дела воцчунна цхьана а кхечу далла Ӏибадат а ца дина, шайн догӀмаш цӀерга тесна болу хӀорш кӀелхьарбаьхна Цо.

[29] Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Ӏабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цӀа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кӀелхьарваккхалур воцу дела».

[30] Цул тӀаьхьа Шадрак, Мешак, Ӏабди-Нага а паччахьо Бавел-махкахь даржехь лакхабехира.

[31] «ХӀара Набухди-Нецар-паччахьера кехат ду дерриге а лаьтта тӀехь дехаш долчу муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а нахе. Шу маьрша Ӏойла!

[32] Лаьа суна Веза Воккхачу Дала сайна тӀехь гайтина долу инзаре гӀуллакхаш а, Ӏаламаташ а шуна дӀахаийта.

[33] Ма даккхий ду Цо гойту Ӏаламаташ, ма нуьцкъала ду Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш! Цуьнан пачхьалкх абаден пачхьалкх ю. Цуьнан олалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.

Даниал-пайхамаран тептар — Chapters