Skip to content
Opens in a new window

[1] Набухди-Нецара паччахьалла дечу шолгӀачу шарахь цунна гора гӀенаш. Уьш бахьана долуш синтем боцуш а, наб яйна а вара иза.

[2] Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гӀенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дӀахӀиттира.

[3] ТӀаккха паччахьо элира цаьрга: «Суна гӀан гина. Сан сагатделла. Сайн гӀенах кхета лаьа суна».

[4] Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гӀан, тӀаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьӀна».

[5] Паччахьо, жоп луш, элира седа-жайна хьовсучаьрга: «Ас чӀагӀо йина, нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а суна ца дийцахь, шух, аьтта, кескаш яйта а, шун цӀенойх саьлнаш йита а.

[6] Нагахь санна аша сан гӀан а, цуьнан маьӀна а дийцахь, соьгара совгӀаташ а, сийлахь-боккха ларам а хир бу шуна. Дийца хӀинца сан гӀан а, цуьнан маьӀна а».

[7] ШолгӀа а цара дийхира паччахье: «Дийцахьа, паччахь, хьайн лешка хьайна гина гӀан, тӀаккха туьдур ду оха цуьнан маьӀна».

[8] Паччахьо элира, жоп луш: «Билггала хаьа суна, ас чӀагӀо йинийла хууш, шу хан ялийта гӀертий.

[9] Сан гӀан аша соьга ца дийцахь, шуна массарна а цхьатерра таӀзар дийр ду. Шу дохку соьга, хан а ялийтина, доцург дийца а, аьшпаш ботта а. Дийца сан гӀан, тӀаккха хуур ду суна цуьнан маьӀна шуна хаьа я ца хаьа».

[10] Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хӀокху лаьтта тӀехь цхьа а адам и гӀуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тӀедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а.

[11] Ша деланаш боцучарна, цхьанна а хуур доцуш, тӀех хала ду паччахьо тӀедожийна и гӀуллакх. Ткъа уьш кху лаьтта тӀехь бехаш бац».

[12] И хезча, чуьравелира паччахь, чӀогӀа оьгӀазвахара иза. ТӀаккха цо омра дира, бавелхойн берриге а хьекъале нах хӀаллакбе аьлла.

[13] Хьекъале нах хӀаллакбе аьлла, и омра дича, Даниал а, цуьнан накъостий а лийхира, уьш хӀаллакбархьама.

[14] И хьекъале нах байар паччахьан гӀаролан коьртачу хьаькамна Ариханна тӀедиллина дара. Цуьнга оьзда а, хьекъале а къамел дира Даниала.

[15] Цо хаьттира Арихане: «Паччахьера иштта буьрса омра хӀунда даьлла те?» – аьлла. Арихана и гӀуллакх ма-дарра дийцира Даниале.

[16] ТӀаккха, ваха а вахана, Даниала паччахье дийхира шена хан ялар, цу гӀенан маьӀна паччахьна довзийтархьама.

[17] Шен цӀа а веана, Даниала шен накъосташка Хьанан-ЯхӀуга а, Мишаале а, Ӏазар-ЯхӀуга а и гӀуллакх дӀадийцира.

[18] Ша а, шен накъостий а кхечу бавелхойн хьекъалалла долчаьрца хӀаллак ца байтархьама, Даниала шен накъосташка дийхира стигалшкарчу Деле доӀанаш дар, Шен къинхетамца а, дикаллица а Цуьнга паччахьан гӀенан къайле шайна йовзийтар доьхуш.

[19] ТӀаккха, буса дуьхьал сурт а хӀоьттина, дӀаеллаелира и къайле Даниална. Стигалшкара Дела хаставира Даниала:

[20] «Хастам бу Хьуна, Дела, азалера абаделлалц, кхетам а, ницкъ а Хьоьгахь болу дела!

[21] Ахь хуьйцу-кх хенаш а, заманаш а, дӀа а боху, хӀитта а бо паччахьаш. Ахь кхетам болчарна кхетамалла ло, хьекъал долчарна хьекъалалла ло.

[22] Ахь дӀайоьллу кӀорггера къайленаш, хаьа Хьуна боданехь дерг, серло а Хьоьца еха.

[23] Ас хеставо Хьо, ваз а во Хьо, сан дайн Дела, Ахь хьекъал а, ницкъ а суна делла дела. Оха Хьайга дехнарг суна дели Ахь, паччахьан гӀуллакх а довзийти Ахь тхуна».

[24] Цул тӀаьхьа, паччахьо бавелхойн хьекъалалла дерш хӀаллакбар тӀедожийна волчу Ариханна тӀе а вахана, Даниала дийхира, и бавелхойн хьекъале нах хӀаллак а ца беш, ша паччахьна тӀе вигахь, тӀаккха ша дӀадуьйцур ду цу гӀенан маьӀна аьлла.

[25] Арихана, сихха Даниал паччахьна тӀе а вигна, элира: «Йийсарехь болчу ЯхӀуд-махкарчу кӀенташна юкъахь цхьа стаг карийна суна, паччахьна цуьнан гӀенан маьӀна дуьйцур долуш волу».

[26] Паччахьо, Бел-Ташацар аьлла, цӀе тиллина волчу Даниале хаьттира: «Дийцалур дуй хьоьга суна гина гӀан а, цуьнан маьӀна а?»

[27] Даниала паччахье жоп делира: «Паччахь, ахьа хоьттуш йолу къайле хуур яц хьекъалалла долчарна а, эвлаяашна а, бозбунчашна а, палтосучарна а.

[28] Амма ву стигалшкахь къайленаш дӀайоьллуш волу Дела. Цо дӀадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тӀаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дӀавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гӀан а, сурт а иштта дара:

[29] ДӀавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХӀун хир ду те хӀинцачул тӀаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дӀайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира.

[30] Лаьтта тӀехь бехаш болчарна юкъахь массарел а кхетам болуш со ву аьлла, дӀаеллаелла яц суна и къайле, иза ду хьуна, паччахьна, хаийтархьама хӀун ойланаш йоллу хьан даг чохь.

[31] Хьуна, паччахь, иштта сурт хӀоьттинера: лаьтташ дара тайп-тайпанчу гӀирсех дина цхьа доккха сурт. Инзаре доккха дара иза. Исбаьхьа лепаш лаьттара и хьуна хьалха. Кхераме дара цуьнан васт.

[32] Цу суьртан корта бара цӀеначу деших бина. Цуьнан накха а, цуьнан куьйгаш а детих дина дара. Цуьнан гай а, гӀогӀаш а цӀестан дара.

[33] Цуьнан настарш аьчках йина яра, ткъа когийн цхьадолу дакъош аьчках, важа дакъош поппарх дина дара.

[34] Хьо хьоьжуш лаьтташехь, цхьа тӀулг, ломах ша дӀакъастийча, чухецабелира. Цу суьртан аьчках а, поппарх а бинчу когашна тӀе а боьжна, уьш бохийра цо.

[35] ТӀаккха ша дерриге а цхьана этира: эчиг, поппар, цӀаста, дети, деши, аьхкенан хьаьттахь йолу чан санна, хилира. Мохо ядийра уьш, хилла лар а ца йисира царех. Ткъа и цӀу вохийна болчу тӀулгах боккха лам хилира, доллу латта а дузуш.

[36] ХӀара ду-кх и гӀан! Дуьйцур вай паччахьна цуьнан маьӀна а.

[37] Хьо ву паччахь, паччахьийн а паччахь, стигалшкара Дала паччахьалла а, олалла а, ницкъ а, сийлалла а делла волу.

[38] Цо делла хьан кара массо а адамаш, уьш миччанхьа дехаш делахь а, лаьттан дийнаташ, стигалшкара олхазарш, хьо царна тӀехь олахо а вина Цо. И дашо корта – хьо ву!

[39] Хьол тӀаьхьа кхоллалур ю кхин пачхьалкх, кхул оьшуш а йолуш, тӀаккха кхин а кхоалгӀа пачхьалкх хир ю, цӀестаниг. Цо дерриге а лаьтта тӀехь олалла дийр ду.

[40] Ткъа йоьалгӀа пачхьалкх хир ю, эчиг санна, чӀогӀа. Эчиго массо а хӀума йохаяре а, атаре а терра, иштта и пачхьалкх а хир ю, массо а хӀума хӀаллакдеш долу эчиг санна, ерриг а хьалхалера пачхьалкхаш отуш, йохош.

[41] Ткъа хьуна гина болу когаш а, когийн пӀелгаш а, цхьа дакъа кхийрачу поппарх, важа дакъа эчигах лаьтташ долу, – иза хир ю екъаелла пачхьалкх. Цуьнца жимма эчиган чӀагӀо хир ю, хӀунда аьлча хьуна гира эчиг кхийран поппарх эделла.

[42] Когийн пӀелгаш эдинчу эчигах а, поппарх а дина хиларе терра, иштта и пачхьалкх а хир ю цхьайолу меттигаш чӀогӀа йолуш, вуьш экам йолуш.

[43] Ткъа хьуна гина долу, кхийран поппарца эдина долу эчиг иза – оцу пачхьалкхийн урхалчаш адаман хӀуьнца, вовшашлахь захалонаш деш, элур бу бохург ду. Амма эчиг а, поппар а цхьаьна ца эдаларе терра, и пачхьалкхаш цхьаьнакхетар яц.

[44] Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дӀайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим.

[45] ХӀунда аьлча и тӀулг, хьуна ма-гарра, лам тӀера дӀакъастийра, амма иза адаман куьйго дина дацара. Ткъа оцу тӀулго, цу суьртана тӀе а керчина, эчиг а, цӀаста а, поппар а, дети а, деши а аьтта дӀадаьккхира. Сийлахь Воккхачу Дала хаам бина паччахьна хиндолчух лаьцна. И гӀан а бакъ ду, иштта нийса ду цуьнан маьӀна а».

[46] ТӀаккха Набухди-Нецар, Даниал ваз а вина, цунна суждане вахара. Цунна сагӀанаш даха а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягае а аьлла, омра дира цо.

[47] Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хӀунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела».

[48] ТӀаккха даржехь лакхаваьккхира паччахьо Даниал. Дуккха даккхий совгӀаташ делира цо цунна. Бавел-мехкан цхьана декъа тӀехь а, бавелхойн хьекъалалла долчарна тӀехь а коьрта хьаькам хӀоттийра цо иза.

[49] Цул сов, Даниала шега дехар дича, паччахьо Бавел-мехкан гӀуллакхаш дан Шадрак а, Мешак а, Ӏабди-Нага а хӀоттийра, ткъа Даниал паччахьан кертахь висира.

Даниал-пайхамаран тептар — Chapters