Skip to content
Opens in a new window

[1] Декъаза ю со! ХӀунда аьлча хӀинца суна хилларг – аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц.

[2] Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцӀенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кӀело йина, цӀий Ӏанорхьама. ХӀорра а шен вешина речӀа югӀуш ву.

[3] Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгӀаташ далар тӀедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Ӏедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.

[4] Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кӀохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таӀзар ден долу де тӀекхочуш лаьтта. ХӀинца уьш боьхна хьийзар бу.

[5] Вовшех а ма теша, доттагӀчух тешна а ма Ӏе. Айхьа олу дош ларде хьайна юххехь Ӏуьллучух.

[6] ХӀунда аьлча кӀанта да сийсазвоккху, йоӀ шен нанна дуьхьалйолу, нус шен марнанна дуьхьалйолу, стеган цӀеранаш цуьнан мостагӀий хуьлу.

[7] Амма сох лаьцна аьлча, со сайн Веза Эла варе хьоьжур ву, со сайн кӀелхьарваларан Деле сатуьйсуш хир ву. Сан Далла со дӀахезар ву.

[8] Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагӀа! Со охьавоьжнехь а, хьалагӀоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю.

[9] Далла хьалха айса къинош летийна дела, ас Цуьнан оьгӀазло дӀакхоьхьур ю, сан гӀуллакх цхьалха а даьккхина, суна тӀехь Цо кхел яллалц. ТӀаккха Цо со серлонга воккхур а ву, суна Цуьнан нийсо а гур ю.

[10] Сан мостагӀчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьӀаьржачу хӀуттур ву. Сан бӀаьргаш Ӏебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича.

[11] Хьан пенаш дӀахӀиттон де тӀекхочуш ду, хьан дозанаш къасторан де ду иза.

[12] Оцу дийнахь Ашур-махкара, Мисар-мехкан гӀаланашкара, Мисарара Эпрат-хина тӀе, хӀордана тӀера хӀорда тӀе, ломана тӀера лам тӀе дӀакхаччалц богӀур бу хьуна тӀе.

[13] Ткъа оцу лаьттах яьсса аре хир ю, цуьнан бахархойн бехкана а, церан гӀуллакхийн тӀаьхьенаш бахьана долуш а.

[14] Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тӀаьхьенан уьстагӀий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалӀадехь а!

[15] Мисар-мехкан лаьттара хьо арадоккхучу деношкахь санна, иштта инзаре гӀуллакхаш гойтур ду Везачу Эло цунна.

[16] Уьш гича, шаьш мел нуьцкъала делахь а, халкъаш озалур ду. Цара шайн батош дӀакъовлур ю, церан лергаш къорлур ду.

[17] Цара ченаш тӀе мотт хьоькхур бу, лаьхьано санна. Уьш шайн чӀагӀонаш чуьра арадевр ду, лаьттан нӀаьний санна. Уьш вайн Везачу Далла тӀе бегош боьрзур бу, Хьох кхоьруш а хир бу.

[18] Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтӀера волуш а? Хьо даим вац оьгӀазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.

[19] Хьо юха а хир ву тхоьца къинхетаме. Ахьа тхан харцонаш, хьаьшна, дӀашарйийр ю, Ахь кӀорггачу хӀорда чу кхуьссур ду тхан массо а къинош.

[20] Якъубан тӀаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахӀиман тӀаьхьенна Ахь къинхетам дӀагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваӀда деш лур ду аьлларг ду.

Мика-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters