[1] ТӀаккха ас элира: «ЛадогӀа, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь?
[2] Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш тӀера дилха доккху.
[3] Сан халкъан дилха аша доу, царна тӀера цӀока йоккху, ткъа церан даьӀахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо».
[4] ТӀаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дӀаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
[5] Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хӀума ца юьллучарна цара тӀом дӀахьебо.
[6] Цундела хӀуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Ӏаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду.
[7] Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Цара массара а шайн батош дӀакъовлур ю, хӀунда аьлча царна Делера жоп хир дац».
[8] Ткъа со Везачу Элан Синах, бакъдолчух а, чӀагӀонах а вуьззина ву Якъубан тӀаьхьене цуьнан зуламаш а, Исраилан халкъе цуьнан къинош а дӀадийцархьама.
[9] ЛадогӀа соьга, Якъубан тӀаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш,
[10] Цийон-лам тӀера Ярушалайм цӀийца а, харцдолчуьнца а хьалахӀоттош дерш!
[11] Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тӀетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тӀе бала богӀур ма бац!» – бохуш.
[12] Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю.