Skip to content
Opens in a new window

[1] ЯхӀуд-мехкан паччахьаша – Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхӀус – паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхӀуна дӀаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цӀераш йолчу гӀаланех хиндерг.

[2] ЛадогӀа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тӀехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цӀийнера волу Веза Эла!

[3] ХӀунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо –

[4] Цунна кӀелахь лаьмнаш дешар ду, цӀергахь лела балоз санна, уьш тогӀеш чу текхар ду, гуна тӀера охьадогӀу хи санна.

[5] Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХӀун бахьаница ю Якъубан тӀаьхьенан аьрхалла? Шамран-гӀалица йоьзна юй те иза? ХӀун бахьаница бу ЯхӀуд-махкахь цӀушна сагӀа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза?

[6] Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гӀаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тӀулгаш тогӀи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш.

[7] Дерриге а цуьнан Ӏамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгӀаташ цӀергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цӀуш бохабойтур бу. ЦӀуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгӀаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дӀалур ду».

[8] Юха Мика-ЯхӀус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Ӏуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангӀалкх санна, угӀур ву, бухӀа санна, воьлхур ву,

[9] хӀунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхӀуд-махкана а дӀакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».

[10] Иза Гати-гӀалахь дӀа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати – «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Ӏапру олучу юьртахь шайна тӀе чан тасалаш (Ӏапру – «чан» бохург ду).

[11] Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гӀалин бахархой, керлачу метте дӀакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дӀабовдалур бац. (Цаинун – «довда» боху маьӀна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац.

[12] Марут-гӀалин бахархой шайна гӀо даре сатесна бу, хӀунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду).

[13] Лахиш-гӀалин бахархой, чехка говраш дӀайожа гӀудалкхана (Лахиш – цуьнан маьӀна «гӀудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хӀунда аьлча шуна тӀера дӀадоладелла Исраилан халкъан зуламаш.

[14] Иштта аша Муршат-Гати-гӀала совгӀаташ дӀакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гӀала Исраил-мехкан паччахьаш Ӏехорна хир ю (Муршат – цуьнан маьӀна «зудчух луш болу там» бохург ду).

[15] Марешера бахархой, Ас шу мостагӀчун кара дӀалур ду (Мареш – цуьнан маьӀна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Ӏадулам-хьехана чохь къайлабевр бу.

[16] Дукха дезачу шайн берашна шаьш гӀайгӀанехь хиларна, шайн коьртара месаш дӀаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.

Мика-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters