[1] Нунав-гӀалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хӀоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.
[2] Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагӀашна дуьхьал моха а латтайо Цо.
[3] Веза Эла атта оьгӀаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш – Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.
[4] Цо омра дича, хӀорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргӀалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.
[5] Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.
[6] Мила латталур ву, Иза эргӀадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чӀогӀа йолу оьгӀазалла? Цуьнан дералла яьлла цӀе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу.
[7] Веза Эла ма дика ву. Бохам тӀебеача, Иза дӀалочкъийла ву. Шех бӀобулучарна Ӏуналла до Цо.
[8] Амма дерриге а дӀахьулдечу хин дестаро санна, Цо кхоччуш дӀайоккхур ю Нунав-гӀала. Шен мостагӀий Цо бодане дӀахьулбойтур бу.
[9] ХӀун дагадеана шуна Везачу Элана дан? Цо шу кхоччуш хӀаллакдийр ду! ШолгӀа шуна бохамаш бан оьшур дац.
[10] Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагӀий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хӀаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хӀаллакбина хир бу.
[11] Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гӀала.
[12] Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хӀаллакбина дӀабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхӀудан халкъ, Ас хьуна хӀинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц.
[13] ХӀинца Ас хьуна тӀехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».
[14] Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хӀара билгалдаьккхина: «ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хӀу хир дац хьан цӀе йоккхуш. Хьан деланийн цӀийнара дечиган а, лалийна бина болу а цӀуш хӀаллакбина дӀабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хӀума йоцу дела».
[15] Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дӀакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогӀу! ЯхӀудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваӀданаш а кхочушде. ХӀинца чул тӀаьхьа Ӏесанаш хьан махка кхин чугӀертар бац, уьш кхоччуш хӀаллакбина дела.