[1] Декъаза бу хьарамдерг дагалаьцнарш, шаьш Ӏохкучу меттахь зулам дан дагадеанарш. И зуламаш Ӏуьйранна сатосуш кхочушдо цара, шайн карахь ницкъ болу дела.
[2] Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цӀенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цӀа а, стаг а, цуьнан бахам а чӀанабоккху.
[3] Цундела Везачу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хӀокху тайпана, цуьнга шен кочара цкъа а дӀабаккхалур боцу, бохам бан дагалаьцна. Кхин цкъа а шайн корта хьалаайина лелалур бац уьш, хӀунда аьлча хӀара зама луьра ю.
[4] Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду: „Тхо кхоччуш дохийна! Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дӀаделла. Иза соьгара схьадаьккхина ма ду! Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дӀасаекъна Цо“».
[5] Иштта Везачу Элана хьалха болчу гуламехь, латта доькъучу хенахь, цунах дакъа схьаэца хьан цхьа а хир вац.
[6] Наха боху: «Пайхамаралла ма де, хӀай пайхамарш! Ма де тхуна пайхамаралла. Тхо сийсаздаьхна хир дац».
[7] Ва Якъубан цӀа олург! Везачу Элан собар кхача-м ца дина те? Иштта гӀуллакхаш билггал дийр ду те Цо? Нийсо лелочарна дика там ца хуьлу те Цуьнан дешнех?
[8] «Хьалха Сан хилла долу халкъ, мостагӀа санна, дуьхьалдаьлла. Ткъа аша тӀамера юхабоьрзучу, машаре шайна тӀехбовлучу нехан тӀехулара а, чухулара а бедарш схьайоху.
[9] Сан халкъан зударий церан исбаьхьачу цӀенош чуьра арабоху аша. Церан берашкара гуттаренна схьадоху аша Сан декъалдарш.
[10] ХьалагӀовтта, дӀагӀо, хӀунда аьлча хӀара мохк – синтем болу меттиг яц. Цо лелош йолу хьарамлонаш бахьана долуш, къиза бохор болуш бу иза.
[11] Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагӀарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хӀокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву.
[12] Ас Якъубан цӀа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагӀий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гӀовгӀа йоккхур ю».
[13] Царна хьалххула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГӀалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дӀагӀур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.