[1] Ярушалайман халкъ, мостагӀашна дуьхьалдаккха хӀинца хьайн эскар! Вайна го лаьцна. Исраил-мехкан куьйгалхочунна юьхь тӀе Ӏаса еттар ю.
[2] «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».
[3] Цундела Везачу Эло Исраилан халкъ церан мостагӀийн кара дӀалур ду, берах йолчо бер даллалц а, халкъах къаьстина вежарий исраилхойх дӀакхетталц йолчу ханна.
[4] ТӀаккха Цо, хьала а гӀаьттина, Везачу Элан ницкъаца а, Шен Везачу Делан цӀеран сийлаллица а и халкъаш дажор ду. Уьш кхерам боцуш дехар ду, хӀунда аьлча Иза оцу хенахь дуьненан йистошка дӀакхаччалц сийлахь хир ву.
[5] Цуьнца машар хир бу. Ашурхой, вайн махка чу а баьхкина, вайн гӀепаш а кегъеш, чекхбевлча, вай царна дуьхьал тӀом бан вешан нуьцкъала тхьамданаш бохуьйтур бу.
[6] Цара Ашуран лаьтта тӀехь туьраца, ткъа Намрадан лаьтта тӀехь даьккхинчу туьраца олалла дийр ду. Ткъа Цо вай ашурхойх паргӀатдохур ду, уьш вайн лаьтта тӀе а, вайн дозанашка а бевлча.
[7] Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тӀе догӀу кхевссина догӀа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Ӏийр а дац.
[8] Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагӀийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кӀелхьарваккхалур вац.
[9] Хьан куьг мостагӀашна тӀе айалур ду, уьш берриш а ахь хӀаллакбийр бу.
[10] «Оцу дийнахь иштта хир ду, – боху Везачу Эло, – Аса хьан дой а хӀаллакдийр ду, гӀудалкхаш а йохор ю.
[11] Ас хьан лаьтта тӀера гӀаланаш а хӀаллакйийр ю, хьан массо а чӀагӀонаш а йохор ю.
[12] Хьан карахь болу жинашца тайнарш а хӀаллакбийр бу, палтуьйсурш а хьан хир бац кхин.
[13] Ас хьан цӀуш бохор а бу, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьуна юкъара хӀаллакдийр а ду, кхин Ӏамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хӀуманашна.
[14] Ас хьо дехачуьра Ашера-далла лерина долу дечиган хьан бӀогӀамаш дӀадохур ду, ткъа хьан гӀаланаш йохор ю.
[15] Ас муьтӀахь доцучу халкъашна Сайн оьгӀазаллехь а, эргӀадаллехь а бекхам бийр бу».