[1] Сан вежарий! Шуна юкъара кӀеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чӀогӀа хир ю,
[2] хӀунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегӀан дола дало.
[3] Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугӀуш хилийта, тӀаккха церан догӀмаш леладо вай.
[4] Масала, хӀордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тӀомаца дӀадохуьйту хӀордахочо шена луъучу.
[5] Иштта, матто а, кӀезиг меже елахь а, доккхачу гӀуллакхашна тӀехь куралла йо. Хьажал, жимачу цӀаро мел йоккха хьун ягайо!
[6] Мотт а цӀе ю. Иза дегӀан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегӀ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цӀарах хьалалеташ бу иза.
[7] Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хӀордан дийнат а стага караӀамадан тарло (баккъалла а, уьш караӀамийна ду).
[8] Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Ӏамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Ӏожаллин дӀовшах буьзна бу.
[9] Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неӀалт а олу вай.
[10] Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неӀалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий.
[11] Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи?
[12] Сан вежарий, инжиран дитта тӀе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тӀе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац.
[13] Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза?
[14] Амма шун даг чохь къаьхьа хьагӀ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае.
[15] Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду.
[16] ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду.
[17] Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду.
[18] Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хӀух нийсонан ялта схьадолу.