[1] Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш.
[2] Нагахь шун гуламе, дашо мухӀар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а,
[3] аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дӀахӀотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа».
[4] Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух?
[5] ЛадогӀийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те?
[6] Ткъа аша къениг дӀатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш?
[7] Шуна елла сийлахь цӀе сийсазъеш бац уьш?
[8] Нагахь Делан Йозанашна тӀера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду.
[9] Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо.
[10] Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хӀуманна тӀехь къалатийнарг массо а хӀуманна тӀехь а бехке хуьлу.
[11] «Нахаца ма лела», – Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тӀедиллинарг дохош волу зуламхо ву.
[12] ПаргӀато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гӀуллакх а де.
[13] ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.
[14] ХӀун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гӀуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кӀелхьарвоккхур вуй иза?
[15] Нагахь вешина я йишина тӀеюху хӀума а, кхача а эшахь,
[16] ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дӀагӀо, дох а ло, дуззалц хӀума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хӀун пайда бу цуьнан?
[17] Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гӀуллакхаш дацахь, иза делла ду.
[18] Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна.
[19] Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо!
[20] Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гӀуллакхашца доцу тешар эрна дуйла?
[21] Шен гӀуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахӀим, шен кӀант Исхьакх сагӀа доккхучу меттиган тӀулгашна тӀе а виллина?
[22] Гой хьуна, цуьнан тешар гӀуллакхашца цхьаьнадогӀуш хилла, и гӀуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла.
[23] Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахӀим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагӀа элира.
[24] Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гӀуллакхашца, тешарца хилла а ца Ӏаш.
[25] Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гӀуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тӀе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дӀа а хьовсийна.
[26] Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.