[1] Къийсамаш а, девнаш а мичара ду шун? Шун меженашкахь вовшашца тӀом бечу а, дуьненан хӀума тӀех дезачу а лаамех схьадуьйлуш дуй те уьш?
[2] ХӀума деза шуна, амма иза ца хуьлу шуна. Адам дел чӀогӀа хьагӀ хуьлу шуьца, амма дезачуьнга ца кхачало шу. Вовшашца а къуьйсу, девнаш а доху аша, амма дезарг ца хуьлу шуна, хӀунда аьлча аша, Деле доьхуш, доӀа ца до.
[3] Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хӀунда аьлча аша дикачу хӀуманна ца доьхуш, дуьненан хӀума тӀех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху.
[4] Тешам боцурш! ХӀара дуьне дезар Делаца мостагӀалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагӀа хила лууш верг Делан мостагӀа хуьлу.
[5] Шуна моьтту хир ду Делан Йозанашкахь эрна аьлла: «Дала вайна чохь Ӏан деллачу Синна вай Шен хила лаьа»?
[6] Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».
[7] Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду.
[8] Далла улло гӀо, Иза а шуна улло вогӀур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цӀанде.
[9] Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла.
[10] Везачу Элана муьтӀахь хила, Цо ойур ду шу.
[11] Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву.
[12] Хьехам Белларг а, Кхелахо а цхьаъ ву, Цо кӀелхьарваккха а, хӀаллакван а тарло. Ткъа хьо мила ву кхечунна кхел ян?
[13] Ткъа хӀинца аша ладогӀалаш, хӀара къамел дийраш: «Тахана я кхана оцу гӀала а дахана, цигахь цхьана шарахь Ӏийр ду вай, мах а лелийна, пайда бийр бу вай».
[14] Шуна ца хаьа, кхана хӀун хир ду. ХӀун ду шун дахар? КӀеззигчу ханна деана а, юха дӀадолу а дохк ду иза.
[15] «Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хӀара я кхин дийр ду вай», – аларан метта,
[16] шу дозаллаш деш ду, шаьш дегала долу дела. Ткъа муьлхха а иштта дозалла вониг ду.
[17] Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.