[1] ЛадогӀалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хӀунда аьлча бохамаш бу шуна тӀехӀуьттуш.
[2] Шун хьал, телхина, дӀадаьлла, шун духарш нецано диина.
[3] Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цӀаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тӀаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина.
[4] Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дӀа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
[5] Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тӀехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагӀа даккха кечдина бежанаш санна.
[6] Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.
[7] Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре.
[8] Иштта шу а чӀогӀа собаре хилалаш, шайн дегнаш чӀагӀделаш, хӀунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду.
[9] Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хӀунда аьлча Кхелахо неӀарехь лаьтташ ву.
[10] Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цӀарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий.
[11] Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хӀунда аьлча Веза Эла чӀогӀа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.
[12] Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хӀуманах а чӀагӀонаш ма елаш, амма шун «хӀаъ» «хӀаъ» хила деза, «хӀан-хӀа» «хӀан-хӀа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.
[13] Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доӀа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза.
[14] Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Ӏийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доӀа дан деза цунна тӀехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш.
[15] Тешаран доӀано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тӀе хӀоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.
[16] Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна.
[17] Эли-ЯхӀу вай санна стаг вара. Цо, догӀа ма даийта аьлла, чӀогӀа доӀа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тӀе догӀа ца деара.
[18] Юха цо доӀа дича, стигалара догӀа а деара, лаьтто шен стом а белира.
[19] Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь,
[20] цунна дӀахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кӀелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дӀа а къовлур ду.