Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:43

[1] Бераш, шу Везачу Элаца хиларна, шайн дай-наношна муьтӀахь хилалаш, хӀунда аьлча иза нийса ду.

[2] «Шайн да а, нана а лара» – чӀагӀо тӀетоьхна йолчу весетех хьалхарниг ду иза:

[3] «хьайна дика хилийтархьама а, хьо лаьтта тӀехь дукха вахийтархьама а».

[4] Ткъа аша, дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта. Мелхо а, хьалакхиабе уьш, Везачу Элан лаамехь а болуш, царна хьехамаш а беш, уьш Ӏама а беш.

[5] Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цӀеначу дагца муьтӀахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтӀахь шаьш ма-хиллара.

[6] Царна муьтӀахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргӀанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш.

[7] Хазахетарца, Везачу Элана деш санна, гӀуллакх делаш, адамашна деш санна а доцуш.

[8] Лай я маьршаниг велахь а, нагахь цо диканиг дахь, цунна изза Везачу Элера юхакхочур дуйла хууш, делаш шаьш дийриг.

[9] Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тӀехь а, шайна тӀехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо.

[10] Ткъа тӀаьххьара а бохург хӀара ду: чӀагӀло Везачу Элаца а, Цуьнан боккхачу ницкъаца а.

[11] Иблисо деш долчу вонашна дуьхьалхӀитта шайн ницкъ хилийтархьама, Делан дерриге а герзаца кечлой хила.

[12] ХӀунда аьлча вай адаман дилхана а, цӀийна а дуьхьал беш бац тӀом, амма стигалшкахь болчу хьаькамашна а, олалла дечарна а, кху боданечу дуьненан куьйгалхошна а, харцжинашна а дуьхьал беш бу.

[13] Цундела Делан дерриге а герз схьаэца, вон тӀедеанчу дийнахь дуьхьало ян шайн таро хилийтархьама а, массо а хӀума кхочушдича, кхидӀа а латтархьама а.

[14] Цундела иштта дӀахӀитталаш: шайн гӀодаюкъ билггал бакъдолчуьнца дӀа а ехкий, нийсонан гӀагӀ шайна тӀе а духий,

[15] машарах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхо кийча хиларан мачаш шайн кога а юхий.

[16] Цу массо а хӀуманна тӀе тешаран турс схьаэца – цӀе яьлла догуш долу иблисан пхерчий дӀадайа таро хир ю шун.

[17] КӀелхьардовларан гӀем а схьаэца. Делан Синан тур а схьаэца – иза Делан дош ду.

[18] Муьлххачу а хенахь Делан Синан гӀоьнца доӀанаш делаш, массо а тайпана доӀа а, дехар а деш. Иза иштта дархьама, сема а хилалаш, цхьана а тайпана юха ца довлуш, Делан долахь болчарна массарна а тӀера кхидӀа доӀанаш а делаш.

[19] Суна а дехалаш Деле, аса сайн бага мел йоьллучу хенахь хазачу кхоан къайле майрра йовзийта дешнаш суна далар доьхуш.

[20] Цу хазачу кхоан дуьхьа набахтехь волу Ӏийсан векал ву со. Деле дехалаш, айса дийца ма-деззара, хаза кхаъ соьга майрра дӀакхайкхабайта алий.

[21] Ткъа сох лаьцна а, сан гӀуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гӀуллакхдархочо ТихӀака дӀадуьйцур ду шуна.

[22] Шу долчу, тхан гӀуллакхех лаьцна шуна дӀахаийта а, шун дегнаш тедархьама а, аса леррина вохуьйтуш ву иза.

[23] СинпаргӀато а, тешарца болу даггара безам а хуьлийла динан вежаршна Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.

[24] Делан дика хуьлийла хедар боцучу безамца вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвина Ӏийса везачаьрца массаьрца а.

Векало ПахӀала эпасхошка яздина кехат — Chapters