[1] Ткъа шу хӀетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш.
[2] Цхьана хенахь, и къинош тӀехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тӀедевлла а, хӀаваан ницкъийн элана тӀаьхьахӀиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хӀинца а муьтӀахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.
[3] Цхьана хенахь вай массо а Ӏийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догӀмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгӀазло тӀеян дезаш дерш дара вай.
[4] Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна,
[5] къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна ду шу.
[6] Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларехула.
[7] Цо иза дина, тӀейогӀун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду.
[8] Ӏийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кӀелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгӀат ду.
[9] Аша дика гӀуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де.
[10] Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гӀуллакхаш вайга кхочушдайтархьама.
[11] Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догӀура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цӀе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара.
[12] Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дӀакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогӀучу чӀагӀонийн а декъахь а дацара шу. КӀелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Ӏеса адамаш дара.
[13] Шаьш Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хӀинца Цуьнан цӀийца гергара хилла.
[14] Ӏийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагӀалла вайна юкъара дӀадаьккхина Цо,
[15] Шен дегӀ сагӀина дӀадаларца. Цу тайпана, товрат тӀехь долу тӀедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш.
[16] ЖӀарах дӀатохар бахьана долуш, цхьана дегӀа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагӀалла дӀадаьккхира Цо.
[17] Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Ӏийсас,
[18] хӀунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Ӏийсагахула Дена тӀекхочийла долу дела.
[19] И бохург ду, шу хӀинца вовшашна хийра а дац, тӀедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду.
[20] Векалийн а, пайхамарийн а бух тӀехь хьалахӀиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Ӏийса Ша са болу коьрта тӀулг бу.
[21] Иза бахьана долуш, и ерриге а гӀишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цӀа цунах хьала а хӀоттош.
[22] Иза бахьана долуш, шу а дӀахӀиттош ду, Дела Шен Синехула Ӏаш волу меттиг хилийтархьама.