Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:37

[1] Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш.

[2] Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогӀучу сагӀина а, Далла тамехь долчу гӀурбанна а дӀаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.

[3] Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бӀаьрмециг хилар а – и хӀуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цӀе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь.

[4] Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргӀада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гӀоле ду шуна.

[5] ХӀунда аьлча хӀара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бӀаьрмециг верг (иза цӀушна Ӏамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.

[6] Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш тӀейогӀу муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло.

[7] Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь.

[8] Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хӀинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш.

[9] ХӀунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо.

[10] Везачу Элана тамехь дерг хӀун ду те бохуш, зуьйш хилалаш.

[11] Стом ца лучу боданечу гӀуллакхашна юкъа ма гӀерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш.

[12] ХӀунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду.

[13] Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю.

[14] Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагӀатта, вижина Ӏуьллург, беллачарна юкъара денло, тӀаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву».

[15] Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш.

[16] Мел хуьлучу таронах пайда эца, хӀара зама мекара йолу дела.

[17] Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гӀерталаш.

[18] Сийсаза лелар долуьйту чагӀар тӀех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш.

[19] Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тӀера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш.

[20] Даим а, массо а хӀуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан цӀарах.

[21] Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтӀахь хилалаш.

[22] Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтӀахь хилалаш.

[23] ХӀунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегӀ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КӀелхьарйоккхург ма ву Иза.

[24] Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтӀахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хӀуманна тӀехь шайн майранашна муьтӀахь хила беза.

[25] Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дӀаделла Цо.

[26] Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цӀан а йина, иза язъярхьама а,

[27] динан ерриге а тоба цхьа а томмагӀа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хӀума а доцуш, амма цӀена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дӀахӀотторхьама.

[28] Иштта, майранаш, шайн догӀмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза.

[29] ХӀунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегӀ ца дезаш. Мелхо а, шен дегӀ цо кхаба а кхобу, Ӏалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна.

[30] Вай Цуьнан дегӀан меженаш ма ю.

[31] «Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху.

[32] Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду.

[33] Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хӀоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.

Векало ПахӀала эпасхошка яздина кехат — Chapters