[1] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга.
[2] Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а.
[3] Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле.
[4] Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса,
[5] шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела.
[6] Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла.
[7] Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а.
[8] Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан.
[9] Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар,
[10] шайна гӀоле дерг хӀун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шу цӀена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а,
[11] Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.
[12] Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар.
[13] Дала леррина Къобалвинчунна со тӀаьхьахӀоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цӀенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дӀахиънера.
[14] ХӀинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чӀагӀделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш.
[15] Бакъду, цхьаболчара хьагӀ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна.
[16] Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела.
[17] Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цӀена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш.
[18] Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргӀанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву.
[19] ХӀунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доӀанашца а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Синан гӀоьнца а со паргӀатвалийта суна диканна дуйла.
[20] Сайн кӀорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хӀуманна тӀехь юьхьӀаьржачу хӀуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хӀинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а.
[21] ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Ӏожалла – суна пайда хилар ду.
[22] Нагахь сан дахар кхидӀа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза.
[23] Шинна а агӀор Ӏожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хӀунда аьлча иза дуккха а гӀолехь хир дара.
[24] Ткъа со кху дуьненахь вехаш Ӏар шуна пайдехь ду.
[25] Оцу тӀехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама.
[26] ТӀаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу доьзна а долуш.
[27] Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу.
[28] Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду.
[29] ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна.
[30] Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тӀамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тӀом бара. Ткъа хӀинца, шуна ма-хаззара, со кхидӀа а оццу тӀамехь лаьтташ ву.