[1] Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тӀекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш.
[2] Вовшашна муьтӀахь хиларца а, эсалчу амалца а, доккхачу собарца а массо а хенахь лелалаш. Даггара болчу безамца вовшашна садетталаш.
[3] Делан Сино луш йолу цхьаалла ларъян хьовсалаш, вовшашца уьйр хуьлуьйту барт а болуш.
[4] Массо а тешачийн цхьа дегӀ а, цхьа Делан Са а ду, цхьана сатийсаме шу тӀекхайкхина ма-хиллара.
[5] Цхьа Веза Эла а, цхьа тешар а, цхьаъ долу хих чекхдахар а ду.
[6] Массеран цхьа Дела а, Да а ву. Иза массарна тӀехь а ву, массаьргахула болх беш а ву, массарна чохь волуш а ву.
[7] Ткъа вайх хӀоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара.
[8] Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахӀоьттира Иза. Адамашна Цо совгӀаташ делира».
[9] Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хӀун ду, цкъа хьалха лаьтта тӀе охьавеанера Иза бохург дацахь?
[10] Охьавеанарг а, Шеца массо а хӀума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву.
[11] Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина.
[12] Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гӀуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ дӀахӀотто а.
[13] Тешарехь а, Делан КӀант вовзарехь а вай массо а цхьаалла йолуш хиллалц дина дара иза, Дала леррина Къобалвинчун кхачамечу дарже хьаьжжина, вай дуьззина хиллалц.
[14] Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгӀенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Ӏехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хӀилланца вай тиладолуьйту.
[15] Амма вай, билггал бакъдерг даггара болчу безамца а дуьйцуш, массо а хӀуманна тӀехь динан коьрте кхоччуш хьалакхуьур ду. И корта – Дала леррина Къобалвинарг ву.
[16] Цуьнан дегӀ хилла лаьтташ йолу ерриге а динан тоба а Цунах хьалакхуьу. Цуьнан олаллехь йолу массо а тайпана дегӀан меженаш хьорзамашца вовшах а тосу, цхьаьна а латтайо. ХӀора межено, шен-шен похӀме хьаьжжина, болх а беш, дерриг а дегӀ безамца хьала а кхиадой, дӀахӀоттадо.
[17] Цундела, Везачу Элан цӀарах боху ас шуьга: варелаш, пайденна йоцу ойланаш а еш, хӀинца чул тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах санна ма Ӏелаш.
[18] Церан кхетам боданехь а бу, Делаца долчу дахарна херабевлла а бу уьш, хӀунда аьлча церан хьекъал а дац, церан дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ а ду.
[19] Дерриг эхь а дайина, шайн догӀмийн боьхачу лаамашна тӀаьхьа а бевлла, шаьш лелош долу тайп-тайпана маьттаза хӀуманаш ца Ӏебаш кхочушдо цара.
[20] Амма Дала леррина Къобалвинарг иштта ца вевзинера шуна.
[21] Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна хезнера. Цуьнца доьзна шу хиларе терра, Ӏийсах лаьцна долу билггал бакъдолчуьнца догӀуш ма-хиллара шу Ӏамийнера.
[22] Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Ӏехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам.
[23] Шайн са а, хьекъал а карладаккхийта.
[24] Билггал нийса а долуш, цӀена а долуш, Делах тера кхоьллина долу керла адам а хилий, дӀахӀитта.
[25] Вай вовшийн меженаш йолу дела, харцдерг дӀа а таттий, вовшашка бакъдерг дийца.
[26] Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летаде. Малх дӀа ма бузийта, шаьш дарделлачохь а дуьсуш.
[27] Ма йита иблисана цхьа а меттиг.
[28] ХӀума лечкъош хиллачо кхин ма лечкъае. Мелхо а, шен куьйгашца диканиг а деш, къахьега деза цо. ТӀаккха мискачунна кховдо хӀума а хир ю цуьнан.
[29] Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хӀиттош, ладугӀуш болчарна тамехь а долуш.
[30] Делан Дезачу Синна хала ма хетийта. Дала шуна тӀе тоьхна мухӀар ма ду Иза, паргӀатдахаран денна тӀекхаччалц.
[31] Шух доллучу массо а вонца цхьаьна шайна тӀера муьлхха а кхоьлина хилар а, дералла а, оьгӀазло а, мохь хьекхар а, вониг алар а дӀадаккха.
[32] Амма вовшашца дика а, къинхетаме а хила. Дала шуна Ша леррина Къобалвинчуьнгахула гечдаре терра, шу а вовшашна къинтӀера довла.