[1] Цундела кхечу къаьмнех болчу нехан дуьхьа Дала леррина къобалвинчун тутмакх волчу аса, ПахӀала, доӀа до.
[2] Сан шеко яц, Дала Шен доккхачу диканца шун дуьхьа суна тӀедиллинчу гӀуллакхах лаьцна шуна хезна хиларх.
[3] И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара.
[4] Цундела, дӀаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу.
[5] Хьалхалерчу адамийн тӀаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хӀинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира.
[6] Ткъа и къайле иштта ю: хаза кхаъ бахьана долуш, жуьгташца цхьаьна кхечу къаьмнех долчу адамашна а кхочур ду Дала лун дерг, уьш а бу цхьаъ долчу дегӀан декъехь, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала йинчу чӀагӀонийн декъахой а бу уьш.
[7] Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гӀуллакхдархо хилла сох. И Делан совгӀат суна делла Цуьнан ницкъаца.
[8] Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгӀат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кӀорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхор а,
[9] Дала и къайле кхочуш муха йо адамашна довзийтар а. Массо а хӀума кхоьллина волчу Дала абаденера дуьйна хьулйина яра и къайле.
[10] И динера, динан ерриге а тобанехула стигаларчу хьаькамашна а, куьйгалхошна а массо а тайпанара долу Делан хьекъалалла хӀинца дӀадовзийтархьама.
[11] Абаденехь дуьйна билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула иза кхочушдина Дала.
[12] Ӏийсах тешарехула майрра а, доьналла долуш а Далла тӀекхочийла ду вайн.
[13] Иштта ас Деле доьху, шун дуьхьа айса баланаш хьоьгуш хиларна, сан дог ца эшор. И баланаш – шун сийлалла ду.
[14] Цундела со сайн голашна тӀе хӀутту стигаларчу Дена хьалха.
[15] Цуьнгара стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а болу массо а доьзалша шайн-шайн амал схьаоьцу.
[16] Ас доӀа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чӀагӀбар доьхуш.
[17] Иштта доӀа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цӀахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доӀа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тӀехь шу чӀагӀделла хилар а доьхуш.
[18] Дала базбинчаьрца массаьрца а цхьаьна шу а кхетийла мел шуьйра а, беха а, лекха а, кӀорга а бу Дала леррина Къобалвинчун безам.
[19] Адамийн кхетамал сов болу Дала леррина Къобалвинчун безам бовзийла шуна, Делан йолчу амалх шу а кхоччуш дузийтархьама.
[20] Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,
[21] Цунна хастам бу динан ерриге а тобанера а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца мел волчуьнгара а массо а тӀаьхьенашкахь а, абаденналц а! Амин.