[1] Юхаерза, юхаерза, кхоччуш исбаьхьаниг! Юхаерза, юхаерза, тхо хьайга хьовсийта! Шу хӀунда хьовсу кхоччуш исбаьхьачуьнга, кӀант шина тобанашна юкъахь халхаре санна?
[2] КӀархаш буьйхина хьан когаш ма хаза бу, баьччанан йоӀ! Говзачу пхьеро кечдина жовхӀарш санна, исбаьхьа ю хьан настарш.
[3] Хьан цӀонга горга кад бу, шена чуьра мерза чагӀар ца хеда. Хьан гӀодаюкъ кӀен барз бу, гонах петӀамат-зезагаш долу.
[4] Хьан ши накха – ши буьхьиг а, акхачу газано шала йина ши кӀорни а санна бу.
[5] Хьан ворта – пийлан кӀомсарех йина бӀов санна ю. Хьан бӀаьргаш – Бат-Рабиман кевнна уллорачу Хьешбонан Ӏаьмнех тера бу. Хьан мара – Дамасакхана тӀеерзийначу Ливанунан бӀаьвнах тера бу.
[6] Хьан корта Кармал-лам санна хьалаайина бу, хьан коьртара месаш таьӀна-цӀен эхангах тера ю. Паччахь цуьнан кӀужалша дӀавихкина лаьтташ ву.
[7] Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца!
[8] Хурмин дитт санна, куьцехь ду хьан дегӀ, кемсийн хорханаш санна ду хьан накхош.
[9] Ас элира: «Хурми тӀе хьалавер вара со, цуьнан стоьмаш схьалоцур бара ас». Хьан накхош кемсийн хорханаш санна делахьара! Хьан садеӀар Ӏежийн хьожанах тера делахьара!
[10] Цуьнан балдех а, цергех а чекх а долуш, нийсса сан везаргана тӀеоьхуш долу тоьлла чагӀар санна хьан бат елахьара.
[11] Со сайн везарган долахь ю, суна тӀеберзийна бу цуьнан лаам.
[12] Схьавола, сан хьомениг, аренга гӀур ду вайшиъ, ярташкахь буьйсанаш йохур ю вайшимма.
[13] Ӏуьйранна хьалххе кемсийн беша гӀур ду вайша, кемсийн таьлланг хецаеллий а, патарш делладеллий а, нараша заза даьккхиний а хьожур ду вайша. Цигахь ас сайн безам лур бу хьуна.
[14] Безаман зезагаша шайн хаза хьожа хецна, вайн неӀарехь массо а тайпа тоьлла стоьмаш бу, керланаш а, ширанаш а – уьш ас хьуна Ӏалашбина, сан хьомениг.