[1] Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогӀи чуьра петӀамат-зезаг ду.
[2] Коканан коьллаш юкъахь петӀамат санна, мехкаршна юкъахь ду сан деган зезаг.
[3] Хьуьнан дитташ юкъахь Ӏожан дитт санна, кхиъначу кӀенташна юкъахь ву сан везарг. Цу Ӏожан ӀиндагӀехь хиъна Ӏаш хазахета суна, цуьнан стоьмаш сов мерза ду ас дууш.
[4] Цо со той долчу цӀа чу йигира, суна тӀехула йолу цуьнан байракх – безам бу.
[5] Кишмашца сан гӀора чӀагӀдейша, Ӏежашца сан дог тодейша, гӀелъяллалц безамах со хьоьгу дела.
[6] Цуьнан аьрру куьг сан коьрта кӀелахь ду, аьтту куьйгаца со марайоьллина цо.
[7] Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.
[8] Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогӀуш ву, лаьмнашна тӀехула кхиссалуш, гунашна тӀехула лелхаш.
[9] Сан хьомениг масарх я къоначу сайх тера ву. Тхан пенна тӀехьа лаьтта иза, цӀийнан корах чу а хьоьжуш, гурах чекх бӀаьрг а бетташ.
[10] Сан везарг соьга баха хӀоьтти: «ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
[11] Хьажал, Ӏа а дӀадаьлла, догӀанаш а севцина.
[12] Лаьтта тӀехь зезагаш а гучудевлла. Олхазарша эшарш лоькху хан тӀееана, къоркхокхийн аз ду вайн махкахь хезаш.
[13] Инжиран дитто шен стоьмаш а марздо, заза даьккхинчу кемсийн таьлланго хьожа а гӀиттайо. ХьалагӀатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла.
[14] Ломан чӀожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хӀунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа.
[15] Схьалеца тхуна цхьогалан кӀорнеш, кемсийн бошмаш талхош долу! Заза даьккхина йолу кемсийн бошмаш талхош долу цхьогалш схьалеца тхуна!»
[16] Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петӀаматаш юккъехь дажадо.
[17] Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, цӀа юхаверзахьа, сан хьомениг, чӀажийн лаьмнашна тӀерачу масарх я къоначу сех тарлохьа.