Skip to content
Opens in a new window

[1] Бус-буса сайн меттахь а Ӏуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш, сайн хьомечух со мел хьоьгура, амма цкъа а иза кара ца вора.

[2] Хьала а гӀаьттина, гӀалин урамашкахула а, майданашкахула а дӀагӀур ю со. Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра.

[3] ГӀалина гобоккхуш болу гӀаролхой дуьхьалкхийтира суна: «Сан дагна везнарг-м ца гира шуна?»

[4] Амма со царна уллора дӀа-ма-елли, сайн дагна везнарг карийра суна. Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цӀа чу, со йинчу чоьнаш чу кхаччалц, дӀа ца хийцира ас.

[5] Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цӀарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гӀаттабайша иза, цунна лаъалц.

[6] ХӀун ю иза, яьссачу арара, кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг, эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?

[7] Хьажал! Сулим ву шен паччахьан гӀантахь вахьаш, кхузткъа тӀемало ву цунна гонах, Исраилан мехкан тоьлла тӀемалой.

[8] Цаьргахь массаьргахь а тарраш ду, уьш тӀамана говза бу. Буьйсанан кхерамех лардан тур ду цаьргахь хӀорангахь а.

[9] Ливанунерчу дечигах гӀант дайтина Сулим-паччахьо, цу тӀехь ша дӀасалелавайта.

[10] Цуьнан гураш, тӀе дети а лоцуш, дайтина цо, цуьнан бух, тӀе деши а лоцуш, байтина, тӀехоу меттиг цӀечу кӀадих яйтина. Чуьра а Ярушалайман мехкарша безамца кечдина ду и гӀант.

[11] Дуьлол, Цийонера мехкарий, хьовсал таж тиллинчу Сулим-паччахье! Паччахьо зуда ялочу дийнахь, цуьнан дагна хазахетар хуьлучу дийнахь, шен нанас иза кечвина таж ду иза!

Уггар хаза безаман Илли — Chapters