Skip to content
Opens in a new window

[1] Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кӀелара хьан бӀаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалӀад-лома тӀера чуйогӀучу гезарех тера ю хьан месаш.

[2] Лийчийначуьра догӀучу лергинчу жерчех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шен шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.

[3] ЦӀен аса санна ду хьан балдаш, ма хаза ю ерриг а хьан бат. Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхгаш санна хаза ю.

[4] Хьан ворта Даудан бӀов санна ю, исбаьхьа йина йолу. Эзар турс ду цунна тӀехь кхозуш, уьш дерриш а тӀемалойн ду.

[5] Хьан ши накха акхачу газанан шала йинчу шина кӀорнех тера бу. ПетӀаматаш юкъахь ежаш ю уьш.

[6] Де дохделла а далале, ӀиндагӀаш а дӀадовдале, деза даьтта долчу лам тӀе гӀур ву со, хаза хьожа йолчу гу тӀе хьалавер ву.

[7] Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тӀехь!

[8] Схьадола соьца Ливанунера, сан нускал, схьадола соьца Ливанунера! Амана-лома тӀера сихло, Саниран а, Хьермонан а баххьашкара, цӀоькъабергийн лаьмнаш долчуьра, лоьмийн баннаш долчуьра схьайола.

[9] Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бӀаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхӀар а къагийна.

[10] Ма мерза бу хьан безам, сан йиша, сан нускал! Хьан хьестар чагӀарал мел дика ду, хьан хьакхарш массо а хазачу хьожанел гӀолехь ду!

[11] Мерза моз ду хьан багара Ӏенаш, сан нускал. Хьан матта кӀелахь шура а, моз а ду. Ливанунах йогӀучу хьожанах тера ю хьан бедарийн хьожа.

[12] ДӀакъевлина беш ю сан йиша, сан нускал. ДӀакъевлина гӀу а, дӀахьулдина хьоста а ду хьо.

[13] Хьох долу патарш нарийн беш ю, чохь тоьлла стоьмаш болу, йиппар а, деза нард-даьтта а ду.

[14] Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду, хаза хьожа йогӀучу массо а ковсташца а, дитташца а. Хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, сарап а ду, тайп-тайпана духӀиш а ду цигахь.

[15] Хьо бешахь долу хьоста ду, Ливанун-ломара охьаоьхуш долчу дийначу хин гӀу а ю.

[16] Къилбаседера гӀатта, мох, къилбера схьахьакха, сан беша тӀе берза, тӀаккха цуьнан хаза хьожанаш схьахецалур ю. Шен беша вогӀийла сан везарг, цуьнан мерза стоьмаш буийла цо.

Уггар хаза безаман Илли — Chapters