[1] Стенга вахана хьан везарг, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Муьлхачу новкъа дӀавирзина иза? Оха хьоьца цхьаьна лохур вара иза.
[2] Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петӀамат-зезагаш лахьо а.
[3] Со сайн везарган ю, ткъа иза сан ву. Иза петӀаматаш юкъахь жа дажош ву.
[4] Тирца-гӀала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.
[5] ДӀахьажабе суна тӀера хьайн бӀаьргаш, цара дог тохадолуьйту сан. ГалӀадан гунаш тӀера чуюьссучу гезарех тера ю хьан месаш.
[6] Лийчийначуьра догӀучу жерчийн жех тера ю хьан цергаш. Цу жерчийн хӀораннан а шаланиг бу, цхьа а байна бац царна юкъахь.
[7] Кирхьанна тӀехьа хьан беснеш наран аьхкаш санна хаза ю.
[8] Кхузткъа зуда-паччахь а, езткъа гӀарбаш-зуда а елахь а, багар ца баллал мехкарий белахь а,
[9] амма цхьаъ бен йоцург – иза ю, сан къоркхокха, сан дашониг. Цхьаъ бен яц иза шен ненан, ша йиначун къастийна ю иза. Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза, зуда-паччахьаша а, гӀарбаш-зударша а хастийра иза.
[10] Мила ю иза, цӀийялар санна, лепаш ерг, бутт санна, исбаьхьа ерг, малх санна, къегина ерг, байракхашца долу эскар санна, инзаре ерг?
[11] БӀарийн беша чувоьссира со тогӀи чуьра соьналле бӀаьрг тоха, кемсийн таьлланг хецаеллий а, нараша заза даьккхиний а хьажа.
[12] Сан са хазахетарх дуьзна дара! Хьайн деза даьтта лохьа суна, элийн сан халкъан ва йоӀ!