[1] Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хӀинцца ма-дийццара, чӀогӀа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь.
[2] Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву!
[3] Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагӀ, гӀо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тӀехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина ю.
[4] Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде!
[5] Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву.
[6] Цхьана а хӀуманан гӀайгӀа ма е, амма мел дечу доӀанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дӀахаийта.
[7] ТӀаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогӀучу синпаргӀатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна долу дела.
[8] Ткъа хӀинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цӀена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е.
[9] Соьгара шайна Ӏеминарг, дӀаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТӀаккха синпаргӀатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву.
[10] Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гӀайгӀа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хӀинццалц а дара сан гӀайгӀа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта.
[11] Сайна цхьа хӀума оьшу дела, ца боху аса иза. ХӀунда аьлча сайна хӀуъа а тӀедеача а, со Ӏемина ву сайн долчух тоам а беш Ӏен.
[12] Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хӀума долуш я хӀума оьшуш велахь а.
[13] Суна ницкъ луш волу Дала леррина Къобалвинарг бахьана долуш, суна массо а хӀума лан хаьа.
[14] Делахь а аша дика гӀуллакх дина, сан баланашкахь дакъа а лаьцна.
[15] Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дӀакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хӀума ца кховдийра, аша суна гӀо ма-дарра.
[16] Аша-м со Тассалник-гӀалахь волуш а, суна хӀума эшча, мосуьйттазза гӀо динера.
[17] Сайна совгӀаташ дайтар ца лоьху аса. Мелхо а аша динчу дикачу гӀуллакхийн кехатна тӀе кхин а хӀуманаш дӀаяздина хилар лоьху ас.
[18] ХӀинца шортта хӀума ду сан. Оьшург ерриге а йолуш ю, аша мел даийтина совгӀаташ Эпар-Падатис соьга схьакхачийна. Далла доккху хаза хьожа йогӀу сагӀа санна ду и совгӀат, Дела цунна реза а ву.
[19] Сан Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Шен долчу сийлахьчу хьолаца шуна мел оьшург лур ду.
[20] Абаденналц сийлалла хуьлда вайн Да волчу Ден! Амин.
[21] Маршаллаш ло Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь болчу массаьрга а. Соьца болчу динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.
[22] Делан долахь болчу массара а доуьйту шуьга маршаллаш, къаьсттина Рим-мехкан паччахьан цӀерачара.
[23] Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика хуьлда шуьца массаьрца а.