Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 5:22

[1] Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу ПахӀала а, динан вашас Тимапис а яздо

[2] Ковлуси-гӀалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка. Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

[3] Шуна тӀера доӀанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да волчу Далла.

[4] ХӀунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна.

[5] Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна.

[6] Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тӀехь шен стом луш а, дӀасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара.

[7] И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гӀуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву.

[8] Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара.

[9] Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тӀера даим доӀанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар.

[10] Иза иштта хилахь, массо а хӀуманна тӀехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гӀуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тӀехь кхиамаш а бохур бу аша.

[11] Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чӀагӀдина хуьлийла, массо а хӀума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца

[12] стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву.

[13] Вай, боданан олаллех кӀелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КӀентан олалле даьхна Цо.

[14] Цуьнгахула вай паргӀатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала.

[15] Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хӀуманал тоьлуш а волуш.

[16] Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хӀума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду.

[17] Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту.

[18] Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегӀ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хӀуманна тӀехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама.

[19] ХӀунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар.

[20] Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хӀума Шеца тайта. ЖӀара тӀехь Ӏанийначу Шен КӀентан цӀийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо.

[21] Аша дечу вочу гӀуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагӀий дара шу.

[22] Ткъа хӀинца, Ша леррина Къобалвинчун дегӀан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цӀена а, ала хӀума доцуш а дӀахӀитторхьама.

[23] Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тӀехь шеконаш а йоцуш, чӀагӀ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дӀа ца хадийтахь а. Стигал кӀел болчу массаьрга а дӀахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахӀалах.

[24] Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хӀинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегӀа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьахӀиттинчара Цуьнан дегӀан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегӀ – Ӏийсах тешачу массеран а тоба ю.

[25] Дала суна тӀедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гӀуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта.

[26] Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бӀешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дӀакъевлина яра. Ткъа хӀинца иза Шен долахь болчарна дӀайовзийтина Дала.

[27] Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дӀахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле.

[28] Дала леррина Къобалвинарг вай дӀакхайкхаво, хӀора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Ӏама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дӀахӀотторхьама.

[29] Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Ӏалашонна къахьоьгуш ву со.

Векало ПахӀала ковлусихошка яздина кехат — Chapters