[1] Ткъа хӀинца, сан динан вежарий, даккхийде шаьш Везачу Элаца долуш. Хьалха яздинарг шуьга кхин а цкъа яздан суна хала дац, ткъа шуна иза закъалтана хир ду.
[2] Ларлолаш зуламаш дечарах! Уьш жӀаьлех тера бу, цара шайн бехке меттиг хадорца шаьш сакхт до!
[3] ХӀунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гӀуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Ӏаш а дац.
[4] Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Ӏен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Ӏен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду.
[5] ХӀунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхӀалгӀачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Ӏебархойх схьаваьлла Ӏебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
[6] Сайгахь болчу ницкъе хьаьжжина, Ӏийсах тешначийн тобанна дуьхьалваьллера. Товрат-хьехамаш кхочушбаро луш долчу бакъвар э хьаьжжина, ала цхьа а хӀума доцуш вара со.
[7] Делахь а суна пайденна ду аьлла хеттарг Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа эрна хилла лору аса.
[8] Цул сов, кхидолу массо а хӀума эрна хета суна, хӀунда аьлча дерригенал а деза ду сан Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар. Цуьнан дуьхьа со массо а хӀуманах ваьлла. Кхидолу массо а хӀума кхелли хета суна, Дала леррина Къобалвинчуьнца уьйр йолуш со хилийтархьама а,
[9] Цуьнца цхьаьна хилархьама а. Ас-айса, товрат-хьехамаш кхочушбарца а доцуш, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешарца Далла хьалха бакъвина ву со. Иштта Дала Ша со бакъвира, Ӏийсах тешарна.
[10] Дала леррина Къобалвинарг кӀоргге вовза лаьа суна, Иза веллачуьра денвеш хилла болу ницкъ а бевзаш, Цуьнан баланашкахь дакъа а лоцуш. Цуьнан Ӏожаллехь Цунах тар а луш, Иза вовза а лаьа суна,
[11] Иза санна, веллачуьра денваларе са а туьйсу аса.
[12] Аса ца боху, оцу массо а хӀумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас со дола ваьккхинчу Ӏалашоне кхача гӀерташ ву со.
[13] Динан вежарий! Оцу Ӏалашоне со кхаьчна ваьлла аьлла ца хета суна. Делахь а цхьа хӀума кхочушдо ас: сайна тӀехьа дерг диц а деш, хьалха долчунна тӀекхача гӀерташ ву со.
[14] Иштта, сан Ӏалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула со стигала тӀекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгӀатна хьалха тӀекхача.
[15] Ӏийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тӀехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дӀадоьллур ду.
[16] Вуьшта, хӀинца ваьшна девзина долчуьнца кхидӀа а даха деза вай.
[17] Динан вежарий! Кхиберш санна, сох масал оьцуш хилийша. Оха шуна гайтинчу масалца бехачаьрга хьовсалаш.
[18] ХӀунда аьлча дукхахберш Дала леррина Къобалвинчун жӀаран мостагӀий санна лелаш бу. Аса сих-сиха дуьйцура шуьга царах лаьцна, ткъа хӀинца-м, бӀаьрхиш а Ӏенош, дуьйцу аса.
[19] Церан кхоллам – хӀаллакьхилар ду. Церан дела – гайна там бар ду. Эхьечу гӀуллакхех дозалла до цара. Цара, кху дуьненан хӀуманийн бен, ойла ца йо.
[20] Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КӀелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай.
[21] Вайн сий доцу догӀмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегӀах а тардина. И дийр ду Цо массо а хӀума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.