Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:23

[1] Дала леррина Къобалвинчуьнца хилар бахьана долуш иракарахӀуьттур дуй те шу? Цунна шу дезарх синтем хир буй те шуна? Цуьнан Синца мелла а тӀекаре дуй те шу? Вовшийн догъэцар а, вовшех къахетар а дуй те шун?

[2] Делахь хилийтийша сан воккхавер дуьззина, цхьатерра ойланаш а йолуш, цхьа безам а болуш, цхьа барт а болуш, цхьа Ӏалашо а йолуш.

[3] Цхьа а хӀума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хӀораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш.

[4] ХӀораммо а, шен-шен бен гӀайгӀа йина ца Ӏаш, кхечун а гӀайгӀа е.

[5] Шайн дегнаш чохь Дала леррина къобалвина Ӏийса санна хилалаш.

[6] Делан вастехь Ша велахь а, Цунна ца хетара, Ша Делах тера хиларх Ша пайда эца беза аьлла.

[7] Мелхо а, Шен возалла дӀа а тесна, лен васт тӀе а эцна, адамах тар а велла, тӀехьаьжна а адам хилла Иза.

[8] Ӏожаллина тӀекхаччалц Далла муьтӀахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖӀара тӀехь Ша валлалц, муьтӀахь висира Иза.

[9] Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дӀа а хӀоттийна,

[10] стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Ӏийсан цӀе лоруш, гора а хӀиттина, суждане бахийтархьама а,

[11] Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Ӏийса Веза Эла хиларх лаьцна хӀора адаман матте тоьшалла дайтархьама а.

[12] Иштта, сан хьоменаш, гуттара а со юххехь волуш шаьш муьтӀахь ма-хиллара, со юххехь воцуш а чӀогӀачу кхерарца а, дегӀе зуз дарца а кхидӀа къахьегалаш, шайн кӀелхьардовлар кхочушхилийтархьама.

[13] ХӀунда аьлча Шен дикачу Ӏалашонца шуна чохь лаамаш хилар а, гӀуллакхаш дар а Хуьлуьйтург Дела ву.

[14] Дерриг а шаьш дийриг, яппарш а ца еш, къийса а ца луш, делаш,

[15] Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цӀена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу,

[16] дахар луш болу кхаъ царна дӀа а кховдош, Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шух дозалла дан сан йиш хилийтархьама, хӀунда аьлча тӀаккха гур ду сан къовсадалар а, къахьегар а эрна ца хилар.

[17] Со вен там бу. Ткъа сан валар чагӀаран сагӀанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гӀуллакхдаран сагӀина тӀе Ӏанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со.

[18] Оцу хӀуманна а соьца цхьаьна даккхийде шу а.

[19] Веза Эла волчу Ӏийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахӀотторхьама.

[20] Цуьнга кхочуш а, цо санна доггах шун гӀайгӀа бийр болуш а сан цхьа а вац.

[21] Массара а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана луург а ца лоьхуш, шайна пайдехьа дерг лоьху.

[22] Ткъа Тимапи, зийначул тӀаьхьа, иза тешаме хилар шуна хууш ду. КӀанта шен деца ма-дарра, цо соьца гӀуллакх дина хазачу кхоан дуьхьа.

[23] Сайх хиндерг ма-къаьсттина, иза шу долчу дӀахьажо дагахь ву со.

[24] Везачу Элах тешам бу сан: со а кестта шу долчу дӀавогӀур ву.

[25] Сан динан ваша Эпар-Падати шу долчу дӀавахийтар нийса хета суна. Хазачу кхоан дуьхьа соьца цхьаьна къа а хьоьгуш, дика тӀемало санна вара иза. Аша иза сан халонашкахь соьца гӀуллакх дан ваийтина ма вара.

[26] Шен цамгарх лаьцна шуна хезна дела, шу массо а ган лууш, воьхна хьийзаш вара иза.

[27] Иза дӀакхалха там болуш вара. Дала къинхетам бира цунах. Ткъа цунах бина а ца Ӏаш, сох а бина къинхетам, сан сингаттамашна тӀе и сингаттам тӀе ца кхоьтуьйтуш.

[28] Цундела суна кхин а чӀогӀа лаьа иза шу долчу дӀахьажо: иза юха а ган а гина, шуна хазахетар хилийта а, сайн сингаттамаш лахбалийта а.

[29] Везачу Элаца шаьш хиларна даггара долчу хазахетарца тӀеэцалаш иза, и санначеран сий а делаш.

[30] ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх бахьанехь вала гергга вара иза. Шу суна гӀуллакх дан йиш йоцуш хиларна, цо, шен дахар а ца кхоош, шун метта, суна гӀо дора.

Векало ПахӀала пилапхошка яздина кехат — Chapters