Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Ӏезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тӀехь аса дӀаязбинчеран а цӀераш:

[2] Пайнехьасан тӀаьхьенах – ГӀиршан; Итамаран тӀаьхьенах – Даниал; Даудан тӀаьхьенах – Хьатуш;

[3] Шихан-ЯхӀун тӀаьхьенах берш; ПарӀушан тӀаьхьенах – Закри-ЯхӀу а, цуьнца цхьаьна цхьа бӀе шовзткъе итт дӀаязвина боьрша стаг а;

[4] Пахьат-Муабин тӀаьхьенах – Зарахь-ЯхӀун кӀант Эли-ЯхӀу-Ӏейни а, цуьнца ши бӀе боьрша стаг а;

[5] Затун тӀаьхьенах – Яхьазиалан кӀант Шихан-ЯхӀу а вара, цуьнца кхо бӀе боьрша стаг а;

[6] Ӏадин тӀаьхьенах – ЯхӀунатин кӀант Ӏабайд а, цуьнца шовзткъе итт стаг божарий а;

[7] Ӏейламан тӀаьхьенах – Ӏатал-ЯхӀун кӀант ЯшаӀ-ЯхӀу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а;

[8] Шапат-ЯхӀун тӀаьхьенах – Микаалан кӀант Забди-ЯхӀу а, цуьнца везткъа боьрша стаг а;

[9] Йоабан тӀаьхьенах – Яхьиалан кӀант Ӏабди-ЯхӀу а, цуьнца ши бӀе берхӀитта боьрша стаг а;

[10] Банин тӀаьхьенах – Юсуп-ЯхӀун кӀант Шалумати а, цуьнца бӀе кхузткъа боьрша стаг а;

[11] Бебайн тӀаьхьенах – Бебайн кӀант Закри-ЯхӀу а, цуьнца ткъе бархӀ боьрша стаг а;

[12] ӀазгӀадин тӀаьхьенах – ХӀакхитанан кӀант Йохьан а, цуьнца бӀе итт боьрша стаг а;

[13] Адуникхаман тӀаьхьенах тӀаьхьарнаш: Эли-Пулат, ЯӀиал, ШамӀа-ЯхӀу, иштта цаьрца кхузткъа боьрша стаг а;

[14] БигӀвайн тӀаьхьенах – Ӏутай а, Закхур а, цаьрца кхузткъе итт боьрша стаг а.

[15] Аса АхӀава-гӀала доьдуш долчу хи йисте схьагулбира уьш. Цу меттехь тхо кхаа дийнахь лаьттира. Нахе хьаьжча, суна хиира царна юкъахь динан дай буйла, амма левихой бацара.

[16] ТӀаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиӀазаре а, Ариале а, ШамӀа-ЯхӀуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхӀуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Ӏелам нах болчу ЯхӀу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира.

[17] Аса и нах Касипай-гӀалин куьйгалхо волчу Ӏидуна тӀе бахийтира, цара Ӏидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дӀаала дезарг дӀа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийраш бу. Аса и нах Ӏиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цӀа долчохь гӀуллакх дайтархьама.

[18] Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Ӏидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхӀу ваийтира. Иза Левин кӀант волчу Махьлин тӀаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кӀентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхӀу а, цуьнан кӀентӀий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхӀитта стаг веара тхо долчу.

[19] Цара иштта Мерарин тӀаьхьенах волу Хьашби-ЯхӀу а, ЯшаӀ-ЯхӀу а ваийтира. Цара шайн вежарий а, вежарийн бераш а дахкийтира. Цу доьзалера верриг а ткъа стаг веара.

[20] Цара иштта ши бӀе ткъа Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тӀеман хьаькамаша а левихошна гӀо дан хаьржина хилла. Церан цӀераш массеран а цӀерашна юкъахь дӀаязйина хилла.

[21] Цигахь, АхӀава-хи долчохь, аса хаам бира, оха массара а марха кхаба деза аьлла. Аса иштта цаьрга дӀаэлира, оха массаьрга а Далла хьалха тхешан дог эсала дан а деза, Деле тхан а, тхан берийн а, тхан бахаман а некъ дика хилийтар деха а деза аьлла.

[22] Тхан некъаш тӀехь мостагӀий хила мегара, делахь а суна чӀогӀа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хӀунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хӀора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгӀазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю».

[23] Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира.

[24] Цул тӀаьхьа куьйгалла деш болчу динан дайшна юкъара аса шийтта схьахаьржира. Цул сов Шараб-ЯхӀу а, Хьашби-ЯхӀу а, церан гергарчарах итт а схьакъастийра ас.

[25] Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цӀенна дӀаделла долу деши а, дети а, пхьегӀаш а.

[26] Оьзначул тӀаьхьа аса церан кара хӀара дӀаделира: дети – ялх бӀе шовзткъе итт мазал; детин пхьегӀаш – бӀе; деши – бӀе мазал;

[27] дешин кад – ткъа (цхьа эзар дарик олу деши ахччанал); дешин метта лоруш долчу уггар дикачу къегаш долчу цӀестан пхьегӀа – шиъ.

[28] Цул тӀаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хӀара пхьегӀаш а, Везачу Элана дӀа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХӀара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгӀаташ ду.

[29] И хӀуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц».

[30] Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегӀаш а шайга дӀаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цӀа чу дӀаяхьа.

[31] Шеран хьалхарчу беттан шийтталгӀачу дийнахь АхӀава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагӀех а, талорхойх а лар а деш.

[32] Ярушалайме схьа а даьхкина, оха цигахь кхаа дийнахь садаьӀира.

[33] ДоьалгӀачу дийнахь оха, Делан цӀа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегӀаш а динан да волчу УръяхӀун кӀанте Мармутига дӀаелира. Мармутица Пайнехьасан кӀант ЭлиӀазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаӀан кӀант Юзабди а, Бинуйн кӀант НуӀад-ЯхӀу а вара.

[34] Оха массо а хӀума оццу хенахь, ягар а йина, оза а оьзна, дӀаязйира.

[35] Цул тӀаьхьа йийсарера юхабирзинчу наха дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Исраилан Далла лерина. Массо а Исраилан халкъан дуьхьа шийтта сту а, безткъе ялхитта уьстагӀ а, кхузткъе вуьрхӀитта Ӏахар а сагӀина беара цара. Иштта цара шийтта бож къинах долу сагӀа санна еара. И массо а бежана цара дийнаташ дагоран сагӀанаш санна еара Везачу Элана.

[36] Цул тӀаьхьа цара паччахьан тхьамданашка а, Эпрат-хина малхбузехьа долу латтанаш карахь долуш болчу хьаькамашка а дӀаделира и паччахьан весеташ. ТӀаккха цу куьйгалхоша гӀо дира Исраилан халкъана а, Делан цӀенна а.

Ӏезаран тептар — Chapters