Skip to content
Opens in a new window

[1] Делан цӀенна хьалха суждане а воьдуш, воьлхуш, халкъо летийначу къиношна ша къера хилар а дуьйцуш, Ӏезара доӀа дечу хенахь, цунна гонах дуккха а исраилхой гулбелира. Царна юкъахь божарий а, зударий а, бераш а дара. Уьш а чӀогӀа боьлхуш бара.

[2] ТӀаккха Ӏейламан тӀаьхьенах волчу Яхьиалан кӀанта Шихан-ЯхӀус Ӏезаре элира: «Тхо тхайн Далла тешаме ца хилла, тхайна гонах дехаш долчу къаьмнийн зудабераш тхайна маре а дуьгуш. Оха и хӀума лелийнехь а, Исраилан халкъан кхин а сатуьйсийла йисина.

[3] Ткъа хӀинца тхоьга тхан Далла хьалха барт байтахьара ахьа, хӀара зударий а, цара дина долу бераш а оха дӀадохуьйтур ду аьлла. Сан эла волчу ахьа а, иштта Далла хьалха ларамах буьзна болчу наха а хьоьхуш дерг оха тӀелоцур дара, товрат-хьехамашца тхо лелар а дара.

[4] ХьалагӀатта, Ӏезар, хӀунда аьлча хӀара хьан гӀуллакх ду, оха хьоьгахьа гӀо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гӀуллакх чекхдаккха!»

[5] Ӏезар хьалагӀаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чӀагӀо яйтира, цара Шихан-ЯхӀус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чӀагӀо йира.

[6] Цул тӀаьхьа Ӏезар, Делан цӀенна уллора юьстах а ваьлла, Элишубан кӀентан ЯхӀу-Хьанин цӀа чу вахара. Цу чохь яа хӀума а ца юуш, мала а ца молуш буьйса яьккхира цо, хӀунда аьлча, йийсарера юхабирзинчара Далла тешаме доцург лелийна хилар бахьана долуш, чӀогӀа гӀайгӀане вара иза.

[7] Цо берриг а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а долчу халкъе кхайкхам бира, массо а йийсарера юхавирзина мел волу стаг Ярушалайме схьагулло аьлла.

[8] Кхаа дийнахь цига ваза висинчу стеган мел долу хьал хьаькамаша а, къаноша а кхел ма-ярра, цуьнгара схьадоккхур ду аьлла хилла, ткъа иза ша йийсарера юхабирзинчеран гуламна юкъара дӀавоккхуш хилла.

[9] Кхо де дӀадалале, ЯхӀуд-махкара а, Бен-Яман-махкара а мел волу стаг Ярушалайме схьагулвелира. Иза хилла уьссалгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь. Цу дийнахь дерриг а халкъ Делан цӀенна хьалха йолчу кертахь охьахиъна Ӏаш дара. ГӀуллакхан дозаллина а, догӀуш догӀа хиларна а уьш чӀогӀа бегош бара.

[10] Динан да волчу Ӏезара, хьала а гӀаьттина, элира: «Шу Далла тешаме ца хилла, шайна кхечу къаьмнех болу зударий а балийна. И хӀума бахьана долуш Исраилан бехк совбаьлла.

[11] Шаьш динчунна вайн дайн Дела волчу Везачу Элана хьалха мукӀарло де, ткъа Цуьнан лаам кхочуш а бе. Шайна гонах дехаш долчу адамех а, царах болчу шайн зударех а дӀакъаста».

[12] ТӀаккха цигахь схьагулвелла мел волчо, чӀогӀа мохь а тухуш, элира: «Ахьа аьлларг дийр ду оха.

[13] Амма кхузахь дукха адам гулделла, ткъа вайна хӀинца догӀанаш долу хан ю. Тхо арахь ца латтало. Ткъа и хӀума цхьана я шина дийнахь дина чекхдаккха йиш йолуш дац, хӀунда аьлча оцу къилахьчу гӀуллакхца тхох дукхахберш боьзна бу.

[14] Вайн къаноша кхузахь гулбелла болчу массарна а хьалхара сацам бан беза. Вайн гӀаланашкара кхечу къаьмнийн зударий балийна мел верг йиллинчу хенахь Ярушалайме схьаван веза. Уьш шайн гӀалахь болчу куьйгалхошца а, динан дайшца а цхьаьна схьабахка беза. Иштта вай дийр ду, оцу гӀуллакхна Дела оьгӀазваханчуьра ваставаллалц».

[15] Масех стаг бен цу сацамна реза воцуш ца хилира. Царна юкъахь ӀасахӀалан кӀант ЯхӀуната а, Тикхавин кӀант Яхьзи-ЯхӀу а вара. Цу шинна тӀетайна Машулим а, левихо волу Шабитай а вара.

[16] Йийсарера юхадирзина долу Исраилан халкъ цу сацамна реза хилира. ХӀора доьзалера цӀийнан хьалхара болу нах билгалбехира динан да волчу Ӏезара. ХӀора гаранера цхьацца стаг а хаьржина, церан хӀораннан а цӀераш ехира цо. Шеран уьтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь схьахаьржина болу нах охьахевшира хӀора доьзалера долу гӀуллакхаш талла.

[17] Шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь цара шайн кхечу къаьмнийн зударий балийначеран гӀуллакхех лаьцна болу таллам чекхбаьккхира.

[18] Динан дайн тӀаьхьенах болчарна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийначеран цӀераш хӀорш ю: ЮцӀдукъан кӀентан ЮшаӀан тӀаьхьенах берш а, цуьнан вежарий МаӀсей-ЯхӀу а, ЭлиӀазар а, Ярби а, Гадал-ЯхӀу а.

[19] Цара массара а дош делира шайн зударех дӀакъаста. Цул тӀаьхьа цара хӀорамма а шайн жа юкъара цхьацца уьстагӀ гӀуда такхаран сагӀа санна бахьара.

[20] Амиран тӀаьхьенах болу Хьанани а, Забди-ЯхӀу а;

[21] Хьармин тӀаьхьенах болу МаӀсей-ЯхӀу а, Эли-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏузи-ЯхӀу а;

[22] Пашихьуран тӀаьхьенах болу ЭлъюӀейнай а, МаӀсей-ЯхӀу а, ИсмаьӀал а, Натунаил а, Юзабди а, ЭлиӀаса а;

[23] Левихойх болу Юзабди а, ШамаӀи а, Кхали-ЯхӀу а (цунах Кхилати олуш а хилла), Патахь-ЯхӀу а, ЯхӀуд а, ЭлиӀазар а;

[24] Илланчашна юкъара Элишуб а хилла. Делан цӀийнан кевнера гӀаролхой болу Шалум а, Телам а, Ури а хилла.

[25] Вукху исраилхошна юкъара кхечу къаьмнех болу зударий балийнарш хилла: ПарӀушан тӀаьхьенах волу Рами-ЯхӀу а, Язи-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, Мияман а, ЭлиӀазар а, Малки-ЯхӀу а, БенъяхӀу а.

[26] Ӏейламан тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матан-ЯхӀу а, Закри-ЯхӀу а, Яхьиал а, Ӏабди а, Еримати а, Эли-ЯхӀу а.

[27] Затун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлъюӀейнай а, Элишуб а, Матан-ЯхӀу а, Еримати а, Забад а, Азази а.

[28] Бебайн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯхӀу-Хьана а, Хьанан-ЯхӀу а, Забай а, Ӏатилай а.

[29] Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Машулим а, Малук а, Ӏади-ЯхӀу а, Яшаб а, Шаал а, Еримати а.

[30] Пахьат-Муабин тӀаьхьенах болчарна юкъара: Ӏаднан а, Калил а, БенъяхӀу а, МаӀсей-ЯхӀу а, Матан-ЯхӀу а, Бацалиал а, Бинуй а, Маннаш а.

[31] Хьармин тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЭлиӀазар а, Йоши-ЯхӀу а, Малки-ЯхӀу а, ШамӀа-ЯхӀу а, ШимӀа а,

[32] Бен-Яман а, Малук а, Шамри-ЯхӀу а.

[33] Хьашуман тӀаьхьенах болчарна юкъара: Матинай а, Маттет а, Забад а, Эли-Пулат а, Яримай а, Маннаш а, ШамаӀи а.

[34] Банин тӀаьхьенах болчарна юкъара: МаӀдай а, Ӏамрам а, Уал а,

[35] БенъяхӀу а, Беди-ЯхӀу а, ХелихӀу а,

[36] Вани-ЯхӀу а, Мармути а, Элишуб а,

[37] Матан-ЯхӀу а, Матинай а, ЯӀсай а.

[38] Бинуйн тӀаьхьенах болчарна юкъара: ШамаӀи а,

[39] Шалам-ЯхӀу а, Ната а, Ӏади-ЯхӀу а,

[40] Махнидбай а, Шашай а, Шарай а,

[41] Ӏазариал а, Шалам-ЯхӀу а, Шамри-ЯхӀу а,

[42] Шалум а, Амар-ЯхӀу а, Юсуп а.

[43] Набун тӀаьхьенах болчарна юкъара: ЯӀиал а, Матит-ЯхӀу а, Забад а, Зибани а, Йодай а, Юал а, БенъяхӀу а.

[44] Уьш массо а кхечу къомах болу зударий балийна бара. Царах цхьаболчеран цу зударша дина бераш а дара.

Ӏезаран тептар — Chapters