[1] ЯхӀудхойн а, бен-яманхойн а мостагӀашна дӀахезира, йийсарера юхабирзинарш Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа деш бу аьлла.
[2] Зурбабелана а, тайпанийн хьалхарчу нахана а тӀе а баьхкина, цара элира: «Тхоьга а шайца цхьаьна болх байта, хӀунда аьлча тхо а ду шун Далла Ӏамал еш. Ашурхойн паччахь волчу Эсар-Хьадуна тхо кхуза далийча дуьйна схьа, тхо Цунна лерина долу сагӀанаш дохуш ду».
[3] Амма Зурбабела а, ЮшаӀа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХӀан-хӀа, аша бийр бац тхоьца Делан цӀа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тӀе-ма-диллара».
[4] ТӀаккха оцу махкахь Ӏаш хиллачу нахана яхӀудхой бохо а, къахко а дагадеара, цаьрга Делан цӀа кхин дӀа ца дайтархьама.
[5] Цара хьехамчаш лецира, уьш яхӀудхошна дуьхьалбахархьама. И хӀума парсихойн паччахь волчу Къурешан паччахьалла мел ду лаьттира, цуьнан метта Дари-Ваша паччахь дӀахӀотталц.
[6] Ахьаш-Варуш Парси-махкахь паччахьалле веанчу хенахь, яхӀудхойн мостагӀаша Ярушалайман а, ЯхӀудан а бахархой бехкебеш кехат яздира.
[7] Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дӀахӀоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхӀудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера.
[8] ТӀаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна:
[9] «Кехат дӀаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Ӏейлам-махкахь йолчу Шушан-гӀалара а.
[10] Цаьрца цхьаьна дӀаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дӀабигна болчу».
[11] ХӀара бу цара Артахь-Шашта-паччахье дахьийтина долчу кехатан чулацам: «Паччахь волчу Артахь-Шаште – Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь бехаш болчу хьан ялхошкара.
[12] Паччахьна дӀахоийла лаьа тхуна, хьо волчуьра арабевлла болу яхӀудхой, тхо долчу юха а бирзина, Ярушалайме бахана хилар. Уьш и аьрха а, вон а гӀала юхаметтахӀотто гӀерташ бу. Цара хӀинцале а бух а боьттина, пенаш тодеш а бу уьш.
[13] Нагахь санна и гӀала юхаметта а хӀоттийна, цуьнан пенаш а дина уьш бовлахь, цара я ясакх а токхур яц, я ерриг а ял а лур яц. Иза бахьана долуш паччахьан хазнина доккха зен хир ду.
[14] Иштта, паччахьан цӀен тӀера алапаш тхуна луш долу дела, тхоьга ца лало паччахьна зен хилар, цундела оха хаам беш хӀара кехат яздо хьоьга.
[15] Паччахь Артахь-Шашта, хьайл хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтинчу тептарш тӀе хьажийтахьара ахьа. Цигахь карор ду хьуна Ярушалайм аьрха гӀала хиларан тоьшалла. И хӀума бахьана долуш дукхахболчу паччахьашна а, мехкашна а даккхий зенаш хилла. Тоххара дуьйна цу гӀалахь гӀаттамаш хилла. Цундела иза йоха а йина.
[16] Цундела оха паччахье хаам бо: нагахь санна, цу гӀалин пенаш хьала а доьттина, иза юхадӀахӀоттаяхь, Эпрат-хил дехьа хьан долахь латтанаш хир дац».
[17] Артахь-Шашта-паччахьо цу кехатна дуьхьал, жоп луш, кехат дахьийтира: «Мехкада волчу Рахьиме а, йозанца болх беш волчу Шимшайга а, иштта массо а Шамран-гӀалахь а, кхечу Эпрат-хин малхбузехьа йолчу агӀонгахь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчаьрга а. Маршаллаш ду шуьга, иштта кхин дерриш диканаш а.
[18] Аша даийтина долу кехат, гоч а дина, суна дӀадешна.
[19] Аса омра дина, сол хьалха паччахьаллехь хиллачара дӀаяздайтина долчу тептарш тӀехь дерг схьалаха аьлла. Билгалдаьллера Ярушалайм дукха хенахь дуьйна паччахьашна дуьхьал лаьттина хилар. Ярушалаймехь дукхазза а гӀаттамаш хилла.
[20] Ярушалаймехь чӀогӀа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гӀалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агӀонгахь мел долчу латтанаш тӀехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла.
[21] Ткъа аша хӀинца цу нахана тӀедилла деза, Ярушалайм юхаметтахӀоттош шаьш болийна болу белхаш аса шайна пурба даллалц совцабе аьлла.
[22] Ларлолаш, цу хӀуманна тӀехь шаьш кхоа ма делаш. Пачхьалкхана дуьхьал зе хиллал и хӀума сов ма далийталаш!»
[23] Артахь-Шашта-паччахьо дахьийтина долу кехат Рахьимана а, йозанча волчу Шимшайна а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчарна а хьалха дӀадешна ма-делли, цара, сихха яхӀудхой болчу Ярушалайме а бахана, шайн нуьцкъалчу куьйгаца цаьрга болийна болу белхаш сацабайтира.
[24] Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш сацийнера. И болх сацийначохь лаьттира Парсин-мехкан паччахь Дари-Ваша паччахьаллехь волу шолгӀа шо доладаллалц.