Skip to content
Opens in a new window

[1] Дикка хан яьллачул тӀаьхьа, Парси-махкахь Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь, Бавел-гӀалара Ярушалайме веара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант волчу Ӏазар-ЯхӀун кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант волу Ӏезар.

[2] Хьалкхи-ЯхӀу Шалуман кӀант хилла, Шалум ЦӀадукъин кӀант хилла, ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант хилла,

[3] Ахьтуби Амар-ЯхӀун кӀант хилла, Амар-ЯхӀу Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилла, Ӏазар-ЯхӀу Маръютин кӀант хилла,

[4] Маръюти Зарахь-ЯхӀун кӀант хилла, Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант хилла, Ӏузи Букхайн кӀант хилла,

[5] Букхай АбишуӀан кӀант хилла, АбишуӀ Пайнехьасан кӀант хилла, Пайнехьас ЭлиӀазаран кӀант хилла, ткъа ЭлиӀазар динан коьрта да волчу АхӀаронан кӀант хилла.

[6] Ӏезар Бавел-гӀалара новкъа велира. Исраилан халкъан Везачу Дала Муса-пайхамарехула белла товрат-хьехамаш дика хууш волу Ӏелам стаг хилла иза. Паччахь волчу Артахь-Шаштас Ӏезарна цо мел дехна долу массо а хӀума делла хилла, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏезарца хилла.

[7] Ӏезарца схьабаьхкина хилла дуккха а исраилхой. Царна юкъахь динан дай а, левихой а, илланчаш а, кевнехь лаьтташ болу гӀаролхой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш а хилла. Уьш шаберш а Артахь-Шашта паччахьаллехь волу ворхӀалгӀачу шарахь схьабаьхкира.

[8] Ӏезар Ярушалайм-гӀала схьавеара Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ворхӀалгӀачу шеран пхоьалгӀачу баттахь.

[9] Ӏезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гӀалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гӀала схьабаьхкинера пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, хӀунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара.

[10] Иза иштта хилира, хӀунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Ӏаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тӀедехкинарш а хьехарна а тӀедерзийнера.

[11] Динан да а, Ӏелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тӀедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Ӏезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХӀара бу цу кехатан чулацам:

[12] «Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Ӏезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тӀехь Ӏелам стаг а волчу, иштта кхидӀа а.

[13] Аса иштта омра до: сан пачхьалкхехь бехаш болчу исраилхойх, я церан динан дайх, я левихойх хьоьца Ярушалайме ваха лууш волу муьлхханиг а дӀаваха мегар ду.

[14] Сан а, сан ворхӀ хьехамчийн а цӀарах вахийтина ма ву хьо ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а, хьан Делан болчу а, хьан карахь болчу а товрат-хьехамашца цигара халкъ дехаш дуй таллархьама.

[15] Аса а, сан хьехамчаша а Ярушалаймехь Шен цӀа долуш волчу Исраилан Далла тхешан лаамца сагӀина делла деши а, дети а хьайца дӀадахьа деза ахьа.

[16] Бавел-махкахула ахьа схьагулдо деши а, дети а, иштта халкъо а, динан дайша а шайн лаамца Ярушалаймехь долчу Делан цӀенна сагӀина дӀаделларг а хьайца дӀахьо.

[17] Цу ахчанах билггала стерчий а, уьстагӀий а, Ӏахарий а иштта кӀа а, чагӀар а эца. Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнан кертахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь и массо а хӀуманаш сагӀина ло.

[18] Хьуна а, хьан накъосташна а тӀаьхьадисинчу дешица а, детица а дан дика хеташ дерг де, иза шун Делан лаамехь делахь.

[19] Делан цӀа чохь гӀуллакх дан хьайга дӀаелла йолу пхьегӀаш, Ярушалаймерчу Далла хьалха дӀа а хьой, охьахӀиттае.

[20] Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цӀенна оьшуш мел долу хӀума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дӀадахьа.

[21] Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тӀедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Ӏезара дӀадеххнарг, мало а ца еш, дӀало.

[22] Цхьа бӀе гали дети а, пхи бӀе гали кӀа а, ворхӀ бӀе чами чагӀар а, ворхӀ бӀе чами зайтдаьтта а ца кхоччуш, барам боццуш туьха а Ӏезаре дӀадала мега.

[23] Стигаларчу Дала Шен цӀенна мел дехнарг Цунна леррина дӀадала деза, Иза паччахьна а, цуьнан кӀенташна а оьгӀаз ца вахийта.

[24] Кхин цхьа хӀума а ду сан хьоьга дӀахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цӀийнан кевнера гӀаролхочуьнгара а, иштта Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац.

[25] Ткъа ахь, Ӏезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дӀахӀиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тӀехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Ӏамабе уьш.

[26] Хьан Делан товрат-хьехамашца а, я паччахьан Ӏедалца а бохуш дерг ца динчунна кхоччуш таӀзар дан догӀуш ду. Цо диначуьнга хьаьжжина, иза вийна, я кхечу махка дӀаэккхийна, я цуьнан бахам схьабаьккхина, я набахти чу воьллина хила везаш ву».

[27] Ӏезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан иштта сийде аьлла.

[28] Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гӀо дарна, со иракара а хӀоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина».

Ӏезаран тептар — Chapters