[1] Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо тӀедиллира, Бавел-гӀалахь йолчу пачхьалкхан хазни чохь дӀадиллина долчу тептарш тӀера цу хӀуманах лаьцна дӀаяздинарг схьалаха аьлла.
[2] Мадай-махкахь лаьттачу Ахьмати-гӀалин паччахьан цӀа чохь карийра цхьа тептар. Цу тептар тӀехь яздина хилла: «Диц ца далийта:
[3] Шен паччахьалла дӀахӀоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цӀийнах лаьцна омра дира. СагӀанаш доху меттиг санна Делан цӀа дӀахӀоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цӀийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза.
[4] Цу цӀийнан пенаш иштта дина хила деза: даккхийчу тӀулгех динчу кхоккха могӀарна тӀе дечиган бӀогӀамех бина цхьа могӀа билла. Ерриг а харж паччахьан хазни чуьра схьаэца еза.
[5] Делан цӀенна чуьра йолу дашо а, дато а пхьегӀаш, Набухди-Нецара Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чуьра схьа а эцна, Бавел-гӀала дӀаяьхьна йолу, шайн метте Ярушалаймехь долчу Делан цӀа чу юхаерзо еза. Царах йолу хӀора хӀума Делан цӀа чу шайн-шайн метте охьайилла еза».
[6] Цул тӀаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дӀадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагӀерта ца беза.
[7] Делан цӀенна тӀехь беш болу белхаш саца ма белаш. ЯхӀудхойн мехкадас а, церан тхьамданаша а Делан цӀа ша хьалха хиллачу метте дӀахӀоттаде.
[8] Делан цӀа деш болчу яхӀудхойн тхьамданашна гӀо дар аса шуна тӀедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хӀума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цӀен тӀехь болх беш болчу нахана дӀало и болх цаьрга саца ца байта.
[9] Цу нахана царна оьшуш мел долу хӀума дӀало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагӀанаш даха эсий, уьстагӀий я Ӏахарш эшахь, царна уьш дӀало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кӀа а, туьха а, чагӀар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хӀора дийнахь дӀало.
[10] ЯхӀудхойн динан дайшна и шадерг а дӀало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагӀанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а дахарна тӀера доӀанаш дайта а.
[11] Аса иштта омра до: нагахь санна цхьаммо хӀара омра кхочуш ца дахь, цу стеган цӀийнах боллуш болу бӀогӀам схьа а баьккхина, иза цу бӀогӀамана тӀевогӀа. И зулам бахьана долуш цуьнан цӀенойх саьлнаш ян еза.
[12] Ярушалайм Шен цӀе язъян хаьржинчу Дала таӀзар дойла хӀара аса аьлларг хуьйцур долуш волчу я Ярушалаймехь долу Делан цӀа дохо шен куьг дӀакховдийначу муьлхха а паччахьна а, халкъана а. Аса, Дари-Вашас, хӀара омра дина. Аса аьлла ма-хиллара, хӀара кхочушдойла».
[13] ТӀаккха Эпрат-хил малхбузехьарчу меттигийн хьаькам волчу Татинайс а, Шатар-Бузнайс а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а, Дари-Вашас ма-аллара, цуьнан омра хила ма-деззара кхочушдора.
[14] ЯхӀудхойн тхьамданаша Делан цӀа даран балха тӀехь кхиамаш бохура, Хьагайс а, Ӏидун кӀант волчу Закри-ЯхӀус а Делера болчу хаамашкахула уьш иракара а хӀиттош. Цара Исраилан Дела волчун лаамца, Парси-мехкан паччахьаша Къуреша а, Дари-Вашас а, иштта Артахь-Шаштас а ма-аллара кхочушдора шайна тӀедиллинарг.
[15] Делан цӀа дина делира Адар-беттан кхозлагӀчу дийнахь, Дари-Ваша паччахьаллехь волчу йолхалгӀачу шарахь.
[16] Исраилан халкъо хазахетарца даздира Делан цӀа къобалдар. Царна юкъахь бара динан дай а, левихой а, иштта йийсарера юха мел бирзинарш а.
[17] Делан цӀа къобалдечу хенахь цара Далла сагӀа доккхуш бӀе сту а, ши бӀе уьстагӀ а, биъ бӀе Ӏахар а балийра. Дерриг а Исраилан халкъо латийначу къинах долу сагӀа даккха цара шийтта бож а ялийра – хӀора Исраилан тайпанан цӀарах – цхьацца бож.
[18] Цул тӀаьхьа цара, динан дайх а, левихойх а къастийна тобанаш а кхоьллина, уьш, Мусан тептар тӀехь ма-аллара, Ярушалаймехь долчу Делан цӀа долчохь гӀуллакх дан дӀахӀиттийра.
[19] Шеран хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь йийсарера юхабирзинчу яхӀудхоша «Пасахь» олу дезде даздира.
[20] Динан дай а, левихой а, Далла хьалха цӀена хуьлу Ӏадат кхочуш а дина, Пасахьан дезачу денна кечбелира. Левихоша массо а йийсарера юхабирзинчарна а, шайн вежарий болчу динан дайшна а, шайна а лерина долчу Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира.
[21] Йийсарера юхадирзинчу массо а Исраилан халкъо и Пасахьан кхача биира. Исраилан халкъан Везачу Далла Ӏибадат дан кхечу къаьмнаша лелош долчу хьарамчу хӀуманех шаьш дӀакъастийначара а йоура Пасахьан юург.
[22] ВорхӀ дийнахь чӀогӀа хазахетарца даздира цара совсазчу баьпкан дезде, хӀунда аьлча Везачу Эло доккха хазахетар кхоьллинера церан дегнаш чохь. Ашур-мехкан паччахьан дог цаьргахьа а дерзийна, цуьнга Исраилан Делан цӀа дан гӀо дайтира Цо.