[1] Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна шу деллачуьра денделла хиларна, Далла аьтту агӀор Иза охьахиина волчу стигалшкахь долчух шун кхетам бузийла.
[2] Лаьттахь долчун ойла а ца еш, стигалахь долчух дегнаш дуза.
[3] ХӀунда аьлча шун хьалха хиллачу дахаре хьаьжча, шу делла ду, ткъа Дала леррина Къобалвинчуьнца шун бакъдолу дахар Делан карахь дӀахьулдина ду.
[4] Шеца шун дахар долуш волу Дала леррина Къобалвинарг кху дуьнен чу юхавеача, шу а сийлаллица Цуьнца цхьаьна догӀур ду.
[5] Иза иштта долу дела, шайна чохь лелаш болу а, кху дуьненца боьзна болу а адамийн лаамаш хӀаллакбелаш: нахаца лелар, цӀена доцург лаар, боьхачу лаамех дуьзна хилар, зуламе лаамаш хилар, сутара хилар (хӀунда аьлча сутара хилар цӀушна Ӏамал яр санна ду).
[6] Иштта дерг лелорна муьтӀахь ца хуьлучу нахана Делан оьгӀазло тӀейогӀур ю.
[7] Мацах шу а ма дара иштта лелаш, шайн дахар цу хӀуманех дуьзна долчу хенахь.
[8] Ткъа хӀинца и шадерг дӀадаккха: дералла, оьгӀазалла, хьагӀ, вониг дийцар, боьха бага леяр.
[9] Вовшашка харц ма ле, хӀунда аьлча шайн шира адам цуьнан гӀуллакхашца цхьаьна аша дӀа ма тесна.
[10] Керла адам а хилий, дӀахӀитта. Ша Кхоьллинчун вастехь карладолу и адам, Дела вуьззина вовззалц.
[11] Иза иштта хиларна, цхьа а башхо яц кхечу къомах волчу стагана я жуьгтичунна юкъахь, сунтвинчунна я сунтваза волчунна юкъахь, оьздачу халкъан волчу стагана я оьздангалла йоцучу халкъан стагана юкъахь, лена я маьршачунна юкъахь. Мелхо а, Дала леррина Къобалвинарг уггар лараме Верг а ву, Иза массаьрца а ву.
[12] Дала даздинарш а, Цуьнан хьоме хаьржинарш а шаьш хиларна, къинхетамах, диканиг дарх, ша-ша лахара хетарх, эсалаллех, собар хиларх дуьзна хилалаш.
[13] Вовшех кхеташ хилалаш, нагахь санна цхьаъ вукхунна дегабаам болуш велахь, вовшашна гечделаш, Везачу Эло шайна гечдаре терра.
[14] Даггара вовшашка болу безам дерриг а цу хӀуманашна тӀетоха. Массо а хӀума кхачаме цхьаьна доьхкург безам ма бу.
[15] Дала елла йолу синпаргӀато хуьлийла шун дегнаш чохь олалла деш. Шух цхьа дегӀ а дина, синпаргӀатоне тӀекхайкхина Дала. Далла баркалла олуш хила.
[16] Дала леррина Къобалвинчун дош дуккха а дехийла шун даг чохь. Шайн мел долчу хьекъалца вовшашна хьехамаш а бе, вовшийн кхета а де. Шайн дегнаш чохь Далла баркаллаш а кхайкхош, назманаш а ала, эшарш а лекха, динан иллеш а ала.
[17] Дашца я гӀуллакхца шаьш мел дийриг Веза Эла волчу Ӏийсан цӀарах делаш, Да волчу Далла Цуьнгахула баркаллаш а олуш.
[18] Зударий, шайн майранашна муьтӀахь хила, хӀунда аьлча иза шун декхар ду, Везачу Элаца шу доьзна хиларна.
[19] Майранаш, шу а шайн зударий безаш хила, цаьрца буьрса ма хила.
[20] Бераш, массо а хӀуманна тӀехь шайн дас-нанас боххург деш хила, хӀунда аьлча иза Далла хазахетарг ду.
[21] Дай, шайн бераш оьгӀаз ма эхийта, дог доьхна уьш ца хилийтархьама.
[22] Леш, адамаш долчу шайн элашна массо а хӀуманна тӀехь муьтӀахь хила. Царна шаьш гуш долчу хенахь там бина а ца Ӏаш, Везачу Элах кхоьруш а, догцӀена а лела.
[23] Шаьш мел дийриг а доггах де, адамашна деш санна а доцуш, Везачу Элана деш санна.
[24] Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгӀатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гӀуллакх деш волу Эла ма ву.
[25] Ткъа харцонаш лелочунна, ша лелийначу харцоне хьаьжжина, таӀзаран ял кхочур ю. Дала цхьаьнгге а озабезамаш ца бо.