[1] Суна шуьга дӀахаийта лаьа, мел чӀогӀа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а.
[2] Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахӀитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чӀогӀа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву.
[3] Цунна чохь къайлаяьккхина ю кӀоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна.
[4] Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Ӏеха ца далийтархьама.
[5] ХӀунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чӀогӀа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со.
[6] Дала леррина къобалвина Ӏийса шаьш Веза Эла санна тӀеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш.
[7] Шайн тешаран орамаш Цунах дӀа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чӀагӀлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш.
[8] Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац.
[9] ХӀунда аьлча адаман сибат тӀеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Ӏаш ву.
[10] Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза.
[11] Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дӀабаьхна.
[12] Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дӀадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца.
[13] Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хӀинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина.
[14] Цо дӀадайина вайн декхар тӀеяздина долу йоза. Оцу кехат тӀехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖӀарах дӀа а тоьхна, Дала и кехат дӀадаьккхина.
[15] Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дӀадаьккхина Цо. Ӏийса жӀарах дӀатохарехула царна тӀехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьӀаьржачу хӀиттийра Цо.
[16] ХӀинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла.
[17] ХӀунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегӀан ӀиндагӀ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду.
[18] Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Ӏамал ян а деза бохучо шу Ӏеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тӀе а чӀагӀдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган.
[19] ДегӀан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тӀе ца гӀерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегӀ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду.
[20] Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Ӏадатийн а долара схьадевлла хилча, хӀунда гӀерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна,
[21] «хӀокхунах ма хьакхалолаш», «хӀара ма яалаш», «кхунах куьг ма Ӏотталаш» бохучу сацамашна тӀе?
[22] Диина даьлча, телхина дӀадер долчу хӀуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац.
[23] ТӀехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Ӏамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догӀмашна тӀехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.